Сочинение на тему са нана

6 вариантов

  1. Адамийн дахарехь наноша леладо маь1на 1аламат доккха ду.Уггаре коьртаниг –иза ю вайна дахар делларг. Дуьххьара вай олу дош ду «НАНА»
    Нана ма ю,шен сина эшам а беш, вай кхетош, вай кхиош, вай нисдеш, вайх нах деш ерг а, даккхий хилча а т1ехь, хьоьстуш, шен т1ома к1ел ийзош. Х1ора беранна шен нана дуьненал сийлахь а, ломал лекха а, маьлхан нуьрал хаза а, шовданал ц1ена а хета. Доьзалан марзо а ненехь ю. Нана ю доьзална юккъехь бартбийриг а, х1ораннан амалш к1адъеш, церан юкъаметтигаш, церан уьйраш хер ца йолуьйтуш,х1оранна а шен-шен меттиг д1аелла, эвхьазлонах, эхьах, бехках, вовшийн хьог1ах, гамонах ларбеш, церан нийса накъост хилла, кертан а, кхерчан а 1у хилла лаьтташ ерг.
    Вай дахаран шуьйрачу новкъа доху наноша .Т1аккха шен доьзалхо маца ц1а вог1у-те бохуш,б1аьрса артдаллалц некъ ларбеш 1а наной. Сан ненан марзонах дуста х1умма а дац..И йоцуш муха хир дара хаац суна я хаа а ца х1утту. Дахарехь цхьа хазахетар хилча, иза декъа нана лоху вай. Цхьа халахетар, цхьа цатам хилча ненах дагадовлу вай. Дог доьхначу хенахь ненехь синтем карабо. Охьакхетта ког-куьг лазийча, цхьа сиркхо хьакхаелла цомгуш хилча, нанас куьг хьаькхча, цо хьаьстича, лазар дайло. Веза-Воккхачу Дала шен къинхетамах мА йоккхийла цхьа а нана!

  2. Нана. Нена ойла дагчуьра дIаяьлла зама йогIур яц, иза йоцуш вай дисча а. Массо а нана хаза а, оьзда а, комаьрша а, къинхетаме а, собаре а ю. Кхин а ма дукха ду-кх цуьнца дика хIуманаш.
    Нана дIаяьлча йоьIан дагтIера зезаг дужу, олуш ду вайн наха. Дика къант ву, ша цомгуш хилла а бен шен да-наний холча ца хIоттийнарг, олуш ду нохчийн киц. Дуьненчу девллачу дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна лардеш ду бер ден а, ненан а безамо.
    Бер доккху хуьлуш, дозалла а деш, хьоьжу шен дега-нене, ма онда а, массо а хIума дан хууш а ву дада, ма хаза, мерза ю нана бохуш. Ткъа дас-нанас сатуьйсу шайн берех дика адамаш хиларе, шайн хиллачул а гIоле дахар хир дацар-те церан бохуш. Да-наний ду вай дахаран новкъахь дIадуьгурш.
    Вайн дайша олуш хилла, да-наний маликаш санна ду, цара лар а вийр ву, кIелхьара а вокхуш ву олий. Да-нана деза Iама! И шиъ дицдан ца деза, тIаьхьа байттамал ца хилийта. Вайн дайша къонах зуда ю олуш хилла, сий долуш, де долуш, къоманна тIе бала беача, шен дахар дIадала кийча йолчу зудчух.
    Нохчийн къоман актрисо Багалова Зулайс нохчийн мехкарийн а, зударийн а сий дар схьадогIуш ду боху геннарчу бIешерашкара.
    Багалова Зулай: «Вайн наной даима а хилла онда дегнаш долуш. Хаьлха заманчохь чIогIа лоруш хилла зуда. Зудчо корталий даьккхича муьлхха а тIом соцуш хилла. Гуттара хьалха хиллачу заманчохь мостагI чувеача юртахь уггаре а хаза йоI хоржуш хилла, къайн духарца хьалха йоккхуш хилла иза говрахь. Цунна гонаха бовлуш хилла кIентий, нагахь санна цунна чIу кхетахь, царна тIе юьхьIаьржо а йогIуш.
    Ас ойланаш йора, иза хIунда хилла-те бохуш. Иза хилла оцу кIентийн дог ойъуш. Боккха лерам хилла вайнехан зудчуьнга. Тахана а вайн зударий бацахьара вайн къам кхин а алсам хIаллак хилла хир дара. Вайн зударша мацалла ца болуьйту вайн кIентий, майраллица танканашна тIекхиссало уьш».
    Вайн наха да-нана ларар дукха кIорга орамаш долуш ду бохуш дуьйцу нохчийн яздархочо Уциев Абус.
    Уциев Абу: «Доьзалан корта да белахь а, оцу доьзалх жоп дала а, доьзал кхаба а, и доьзал кхион а, иза меца ца бита а, цу доьзалехь волчу хIора кIантах стаг ван а, йоьIах йоI ян а, шен доьзалан сийн лардан а, яхь а, сий а, бехк а, доьналла а бохург хIун ду кхето а, иза меттахь латто а, оцу дерриган дог нана ю. Ненан хьекъале хьаmжжина хуьлу оцу доьзалан хьекъал а, кхетам а. Вуно деза а, сийлахь а ду доьзална да а, нана а бохург».
    Дега а, нене а болу безам цкъа а ца хуьлу тIех сов. ХIунда аьлча, церан шайн берашка болу безам доза доцуш бу, бер муха ду бохучуьнга хьаьжна доцуш. Амма нохчийн гIарваьлла волу композитор а, илланча а Димаев Iела цу тIаьхьарчерах вац. Дукха жима волуш дуьйна кхиина Iела, шен дегара а, ненера а масал оьцуш.
    Цундела ларамаза дац дега шен болу безам цо хьулбеш ца хилар. Йоккхачу йовхонца дагалоьцу Димаев Iелас шен нана а.
    Димаев Iела: «Тхан ненан цIе Асет яра. Цхьа илли дуй-кх «хьалгIаттал, Асет, хьо хьала, хелхарца шершаш когаш ду»… Мама 16 шо кхачча йолуш ялийнера дадас. Дадин кхерч дика латтабора цо. Културица а, гIиллакх-оьздангаллица дерг а, Iилма а чIогIа дезаш яра тхан нана. Шен берашка дешийта лууш яра иза. Дада, махкана а, халкъана а везаш а, лоруш а стаг волун дела, кхерч латтош доьналла долуш хила езаш яра мама а.
    ТIаьхьо «гой шуна, доттагIий, вайн наной къанлуш бу денна”… аьлла сайн доттагIчуьнан Бисултанов Аптин дешнаш тIехь кхоллар хилира сан и илли. Иза дара 1986-чу шарахь. ХIинца санна дагадогIу суна иза. Тхо Хасавюрта концерт эцна дахана дара, «Зама» ансамбл тхан йолчу хенахь.
    ХIешан хIусамехь чIогIа шийла яра. Кор цхьа а бIаьрг боцуш дара. Вуно шийла йолуш, чу а вена, вегош Iаш вара со. Сайн нанна уллохь велахьара ма шеллур вацара со бохуш, ойланаш еш Iаш вара со.
    Сайн пондур схьа а баьстина, Аптин книжка схьа а эцна, ненах лаьцна иллеш лекха волавелира со. Оцу шийлачу буьйсанах беркат а даьлла, и мукъам кхоьллира ас. И кхолларца нана дага а еара, тIаккха дегIе йовхо а еара, хах-аьлла…
    Мукъам: Димаев Iела. Дешнаш: Бисултанов Апти.
    «Гой шуна, доттагIий, вайн наной къанлуш бу денна,
    Хебарша кхелинчу яххьаш тIе къоьжалла оьгу.
    ХIораннан вайн даг чу гIайгIане сахьийзар деъна,
    Зама а сихъелла дIайоьду, некъ некъах тоьгуш.
    Гой шуна, доттагIий, вайн наной къонлуш бу денна,
    И нанойн дегнаш ду даккхийдеш кхуьучу кIентех.
    ХIораммом техкийна ага а ца хилла-кх эрна,
    Нахана дика дан кIант хилча хIора а цIен тIехь.
    ХIора де – цхьа кIайн чо, хIора де – цхьа хазахетар,
    Вайн нанойн баккхийбер кортош а кхелина къега.
    Гой шуна, доттагIий, наношна мел чIогIа оьшу
    Хилар шаьш баккхибейш шайн кIентийн дикане хоьжуш».
    Шен кхоллараллехь дега а, нене а болчу безамах лаьцна язйора шен байташ поэто Яндарбиев Зелимхас а. Цуьнан дешнашна тIехь яздина Бетельгириев Хьусайна «Вигахь со, нана» цIе йолу илли.
    Мукъам: Бетельгириев Хьусайн. Дешнаш: Яндарбиев Зелимха.
    «Хьайцана хьаьжкашна асара, вигахьа Нана со
    Кхин цкъа а вигахьа Нана со, вигахьа.
    ГIатта вай Iуьйрена малхаца,
    Массо а хаза гIан хада дай,
    Берзинчу когашца бацалахь,
    Iуьйренан тхи дожош вигахьа,
    Наб йогIу бахар ма, ма витахьа.
    Ца оьшу, Нана куьг лаца а,
    Хьайцана нийса со ва ца лахь,
    дов дехьа ма дарра мацаха,
    Боларна сан оьгIаз яхача,
    Нана со цкъа мукъне вигахьа,
    Бовхачу меттара гIатта вай,
    Чеха веш тIаьхьа а хIотта вай,
    Наб йогIу бахарх ма, ма витахьа.
    Аса айса ир йийра йу метака,
    Де дохлуш делкъенга лестича,
    ГIертар вац со лийча ваха а.
    Вигахьа Нана со асара,
    Нана, со бералле вигахьа,
    Бовхачу меттара гIатта вай,
    Чеха веш тIаьхьа а хIотта вай,
    Наб йогIу бахарх ма, ма витахьа.
    Вигахьа Нана со асара,
    Нана со бералле вигахьа,
    Бовхачу меттара гIатта вай,
    Чеха веш тIаьхьа а хIотта вай,
    Наб йогIу бахарх ма, ма витахьа».
    Цураев Iаьрби къона илланча ву. Цо лекхна «Нана» цIе йолу илли дагах ца кхеташ дуьсийла яц, шен дахарехь нанас цкъа коьртах куьг хьаькхначу стаганна.
    Мукъам: Цураев Iаьрби. Дешнаш: Цуруев Шерип.
    «ДIа ма гIо,
    Нана, доьху хьоьга аса,
    дIа ма гIо…
    Хьо ма сиха
    Къежйо, тишйо дахаро.
    ХIора денна гена юьйлу,
    Сан дог Iийжош, нана, хьо.
    Со хIара дуьне оьшуш вац
    Йоцуш хьо.
    Нана, нана,
    Кху дуьненахь
    хьол а мерза хIума дац,
    Хьуна хьалха
    Со сайн декхар текхна
    цкъа а вер ма вац,
    Нана, нана,
    Доьху хоьга суна дукха яхалахь,
    Вижа лахьта дац ма боху
    хьо къинтIера ца ялахь.
    ГIелъелла.
    Лела халла синош дохуш
    тахна хьо,
    ДIа ма ели
    Жимчохьлера хаза хан.
    Хьо къанлур яц моьттуш цкъа а
    Со ма лелла дахарехь,
    Ма гIохьа дIа,
    Сох къаьстина, нана, хьо.
    Хьох хервина, лела – с
    о дIавигна къизчу замано
    Нана, нана,
    Гена махкахь
    со ларво хьан безамо.
    Хьоме нана,
    ХIун де аса
    хьан дог хьаста,алахьа,
    Вижа лахьта дац ма боху,
    хьо къинтера ца ялахь».

  3. Ответ оставил Гость
    Нана. Нена ойла дагчуьра дIаяьлла зама йогIур яц, иза йоцаш йисича а. Массо а нана хаза а, оьзда а, комаьрша а, къинхетаме а, собаре а ю. Кхин а ма дукха ду-кх цуьнца дика хIуманаш.
    Нана дIаяьлча йоьIан дагтIера зезаг дужу олуш ду вай. Дика къант ву, ша цомгуш хилла а бен шен да-наний  холча ца хIоттийнарг, олуш ду нохчийн киц. Дуьненчу девллача дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна лардеш ду бер ден а, ненан а шега болчу безамо.
    Бер доккху хуьлуш, дозалла а деш, хьоьжа шен дега-нене, ма онда а, массо а хIума дан хууш а ву дада, ма хаза, марза ю нана бохуш. Ткъа дас-нанас сатуьйсу шайн берех дика адамаш хиларе, шайн хиллачул а гIоле дахар хир дацар те церан бохуш. Да-наний ду вай дахаран новкъахь дIадуьгурш.
    Вайн дайша олуш хилла, да-наний маликаш санна ду олий. Цара лар а вийр ву, кIелхьара а вокхуш ву. Да-наний деза Iама, и шиъ дицдан ца деза, тIаьхьа байттамал ца хилийта. Вайн дайша къонах зуда ю олуш хилла, сий долуш, де долуш, къоманна тIе бала беача, шен дахар дIадала а кийча йолчу зудчух.
    Нохчийн къоман актрисо Багалова Зулайс нохчийн мехкарийн а, зударийн а сий дар схьадогIуш ду боху, геннарчу бIешерашкара.

  4. Дага догIу суна тахана, со вина сан нана, Со кара ахь ецна, цу беша вай дахар. Хьайн хаза кIайн куьгаш, стоьмаш тIе кхийдадеш, И генаш охьаийзош, гуш санна хета. Иштта дуьйцу шен иллехь нохчийн вевзаш волчу илланчо Эльмурзаев Бекас. Кхин гIоле хIотталур дуй-те вайн нене болчу безаман сурт?!
    Нана. Нена ойла дагчуьра дIаяьлла зама йогIур яц, иза йоцаш йисича а. Массо а нана хаза а, оьзда а, комаьрша а, къинхетаме а, собаре а ю. Кхин а ма дукха ду-кх цуьнца дика хIуманаш.
    Нана дIаяьлча йоьIан дагтIера зезаг дужу олуш ду вай. Дика къант ву, ша цомгуш хилла а бен шен да-наний холча ца хIоттийнарг, олуш ду нохчийн киц. Дуьненчу девллача дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна лардеш ду бер ден а, ненан а шега болчу безамо.
    Бер доккху хуьлуш, дозалла а деш, хьоьжа шен дега-нене, ма онда а, массо а хIума дан хууш а ву дада, ма хаза, марза ю нана бохуш. Ткъа дас-нанас сатуьйсу шайн берех дика адамаш хиларе, шайн хиллачул а гIоле дахар хир дацар те церан бохуш. Да-наний ду вай дахаран новкъахь дIадуьгурш.
    Вайн дайша олуш хилла, да-наний маликаш санна ду олий. Цара лар а вийр ву, кIелхьара а вокхуш ву. Да-наний деза Iама, и шиъ дицдан ца деза, тIаьхьа байттамал ца хилийта. Вайн дайша къонах зуда ю олуш хилла, сий долуш, де долуш, къоманна тIе бала беача, шен дахар дIадала а кийча йолчу зудчух.
    Нохчийн къоман актрисо Багалова Зулайс нохчийн мехкарийн а, зударийн а сий дар схьадогIуш ду боху, геннарчу бIешерашкара.
    Багалова Зулай: «Вайн массо а наной хилла онда дегнаш долуш. Хаьлха заманчохь чIогIа лоруш хилла зуда. Зудчо корталий даьккхича муьлхха а тIом соцуш хилла. Гуттара хьалха заманахь мостагI чувеача юртахь уггара хаза йоI хоржуш хилла, къайн духарца хьалха йоккхуш хилла иза говрахь. Цунна гонахьа бовлуш хилла кIентий, нагахь санна цунна чIу кхетахь, царна тIе юьхьIаьржо а йогIуш.
    Аса ойланаш йора, иза хIунда хилла те бохуш. Иза хилла оцу кIентийн дог ойъуш. Боккха лерам хилла вайнехан зудчуьнга. Тахана а вайн зударий бацахьара вайн къам кхин а алсам хIаллак хилла хир дара. Вайн зударша мацалла ца болуьйту вайн кIентий, майраллица танканашна тIекхиссало уьш».
    Вайнаха да-нана ларар дукха кIорга орамаш долуш ду бохуш, дуьйцу нохчийн яздархочо Уциев Абус.
    Уциев Абу: «Доьзалан корта да белахь а, оцу доьзалх жоп дала а, доьзал кхаба а, и доьзал кхион а, иза меца ца бита а, цу доьзалехь волуш волчу хIора стагах стаг ван а, йоьIах йоI ян а, шен доьзалан сийн лардан а, яхьа а, сий а, бехк а доьналла а хIун ду кхето а, иза меттахь латто а, оцу долчу а хIуманан дог нана ю. Ненан хьекъале хьажжина хуьлу оцу доьзалан хьекъал а, кхетам а. Вуно деза а, сийлахь а ду доьзална да а, нана а бохург».
    Дега а, нене а болу безам цкъа а ца хуьлу тIех сов. ХIунда аьлча, церан шайн берашка болу безам доза доцуш бу, бер муха ду бохучуьнга хьаьжна доцуш. Амма нохчийн гIарваьлла волу композитор а, илланча а Димаев Iела цу тIаьхьарчерах вац. Дукха жима волуш дуьйна кхиина Iела, шен дегара а, ненера а масала оьцуш.
    Цундела ларамаза дац дега шен болу безам цо хьулбеш цахилар. Иштта йоккхачу йовхонца дагалоьцу Димаев Iелас шен нана а.
    Димаев Iела: «Тхан ненан цIе Асет яра. Цхьа илли дуй-кх «хьала гIаттал, Асет, хьо хьала, халхарча шершаш когаш ду»… Иштта мама 16 шо кхачча ялийнера дадас. Дадин кхерч дика латта бора цо. Култура а, гIиллакх-оьздангаллица дерг а, Iилма а чIогIа дезаш яра тхан нана. Шен берашка а дешийта лаара цунна. Дада, махкана а, халкъана а везаш а, лоруш а стаг волун дела, кхерч латтош доьналла долуш хила езаш яра мама а.
    ТIаьхьо «гой шуна, доттагIий, вайн наной къанлуш бу денна”… аьлла сайн доттагIчуьнан Бисултанов Аптин дешнаш тIехь кхоллар хилира сан и илли. Иза 1986-чу шарахь дара. ХIинца санна дагадогIу суна иза. Тхо Хасавюртахь концерт эцна дахана дара, «Зама» ансамбл тхан йолчу хенахь.
    Гостиницехь чIогIа шийла яра. Кор цхьа бIаьрг а боцуш дара. Вуно шийла йолуш, чу а вена, вегош Iаш вара со. Сайн нанна уллохь валахьара ма шеллур вацара со бохуш, ойланаш еш Iаш вара со.

  5. Сан хьоме,НАНА! Муьлхачу терзанца буста те ас сайн хьоьга болу безам, хьоьца йолу марзо, хьоьга йолу деган йовхо? Х1ан-х1а! И дуста терза а дац, цуьнан мах а бац, цкъа а хир а дац. Ас хастам бо Везачу Далла хьо сайн дахарехь хилла а , йолуш а. Хьо цамогуш хилча-сан дог лаза долу, хьо кхоьлина гича – сан дог лаза долу. Со дийна мел ю, сан баьрчехь хир ю-кх хьо ,САН ХЬОМЕ,ЕЗА НАНА.Йиш елар хьан г1айг1а д1аэца, хьан цамгар д1аэца, сайн дахарх ах сов хьуна дала. Чолхе а, хала а хилла хьан дахар, амма г1иллакхех,оьздангаллех ца йоьхна хьо. Мелла халонаш т1е1иттаяларх елаелла, екхаелла хилла. Хьо ду суна дахарех уггар коьрта масала. Хьуна санна собарца, ийманца, исламца, доьналлица, кхетамца чекхъяла пурба лойла массо а нохчийн йо1ана. ДАЛА СИЙ ДОЙЛА ХЬАН САН ХЬОМЕ , ОЬЗДА,ХАЗА, НАНА!!! Дуьнене г1ийла хьежар ма лойла хьуна Дала т1ейог1учу ханна а.
    Вигахьа Нана со
    Хьайцана хьаьжкашна асара, вигахьа Нана со
    Кхин цкъа а вигахьа Нана со, вигахьа.
    ГIаттавай Iуьйренан малхаца,
    Массо а хаза гIан хададай,
    Берзинчу когашца бацалахь,
    Iуьйренан тхи дожош вигахьа,
    Наб йогIу бахар ма, ма витахьа.
    Ца оьшу, Нана куьг лаца а,
    Хьайцана нийса со ва ца лахь,
    дов дехьа ма дарра мацаха,
    Боларна сан оьгIаз яхача,
    Нана со цкъа мукъне вигахьа,
    Бовхачу меттара гIаттавай,
    Чеха веш тIаьхьа а хIоттавай,
    Наб йогIу бахарх ма, ма витахьа.
    Аса айса ир йийра йу метака,
    Де дохлуш делкъенга лестича,
    ГIертар вац со лийча ваха а.
    Вигахьа Нана со асара,
    Нана, со бералле вигахьа,
    Бовхачу меттара гIаттавай,
    Чеха веш тIаьхьа а хIоттавай,
    Наб йогIу бахарх ма, ма витахьа.
    Вигахьа Нана со асара,
    Нана со бералле вигахьа,
    Бовхачу меттара гIаттавай,
    Чеха веш тIаьхьа а хIоттавай,
    Наб йогIу бахарх ма, ма витахьа.

  6. Помогите с сольфеджио!!! Домашние задание не знал!!! А 2 нельзя получать! Это легко! ( 3 класс в музыкальной школе )
    Упростите вырожение 2(5-0,3с)-5(0,7с-4)
    помогите написать сочинение на чеченском языке на тему “Сан Нана”.
    И пожалуйста напишите сочинение от себя, а не с берите что попало из веб-сайта
    Люстра в виде правильной усеченной пирамиды без оснований изготовлена из стекла . Хватит ли листа стекла в форме квадрата со стороной 50 см для изготовления данной люстры ?
    Сочинение на тему Абай ?лы т?л?а на казахском языке
    Решите уровнение2(x-15)-2(X-6)=6
    ________________5_____3_____
    ОБЪЯСНИТЕ КАК ВООБЩЕ ПОДОБНЫЕ ЗАДАЧИ РЕШАТЬ!
    Реферат, набранный на компьютере, содержит 12 страниц, на каждой странице 48 строк, в каждой строке 64 символа. Для кодирования символов используется кодировка Unicode, при которой каждый символ кодируется 16 битами. Определите информационный объём реферата.
    1) 7 байт
    2) 27 Кбайт
    3) 72 Кбайта
    4) 2 Мбайта
    Найдите значение вырожения применив распределительный закон умножения
    -1,97*2/7-2/7*2,93
    найти площадь когда известно что объём куба 54см
    3x-6+x^2-2x=0 решите
    уравнение раскладывая его левую часть на множители
    СРОЧНО!

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *