Сочинение на тему даймохк

5 вариантов

  1. 1
    Текст добавил: Иванов-Петров

    Дуккха хаза меттигаш ю вайн Нохчийчохь. И х1 ора меттиг шех лаьцна дийца к1 ордор доцуш ю. Бакъдерг дийцича-м суна дукхахъерш телевизор чохь бен ца гина. Лекха лаьмнаш, г1 овг1 анца охьаоьху чухчарийн хиш, хьаннийн исбаьхьалла – и суьрташ сайна гича, со воккхаве вайн иштта меттигаш хиларна, цига кхача боккха лаам бу сан.
    Сайн дийцарехь аса юьйцур йолу исбаьхьалла Къоьзан-1 ам бу. Ас дуьххьара хьоьстуш хир йоций хаьа суна Къоьзан-1 оман цхьа шатайпа хазалла.
    Аьхка цига даха аьтто хилира тхан, сайн нийсархоша дийцарехь лаьара суна цига кхача. Кхераме белахь, некъ бах ца белира суна. Цхьа 1 адийна стаг санна вара со, оцу меттиган исбаьхьалло цецваьккхина. Телевизор чохь гаррий, хьайн б1 аьргийн нуьрца гаррий цхьаъ ца хиллера. Б1 аьргашна хьалха х1 оьттина сурт цхьа туьйра, цхьа г1 ан дара. Суна моьттура: ” Х1 инца ас б1 аьргаш схьадиллича, со сайн ц1 ахь хир ву, сайн лехамашкахь”. Гуш дерг г1 ан дацара. Сийно-баьццара хи, бухара т1 улгаш гуш, ц1 ена. И хина 1 уналла деш санна, цунна го бина аьрцнаш. И дерриг сурт цхьа даг чу ца тарлуш хазахетар дара. Лаьара массо меттиге б1 аьрг тоха, хьайн деган к1 айле йийца гено лаьттачу б1 аьвне. Лекхачу орцана т1 е хьалавелира со.
    -Эх1, хьан аьлла х1 аваан чам бац, бакъ дац шуна иза, цхьа мерза, хьан накха бузош ду кхузара х1 аваъ.
    “Э-е-ее-е-й!” – аьлла мохь тоха лууш, цхьа тамашийначу, цкъа суна ца девзачу синхаамаша д1 алецира со. Оцу аьхначу х1 авао лахдира сан к1 адвалар, д1 аяьккхира сан даг чуьра есалла. Сан 1 алашо – б1 ов ах хаьрцина лаьтташ яра, цуьнан пенаш йозанашца къарздинера, т1 ехь цхьаццаммо, аса сонта стаг эр дара цунах, ша кхузахь хилла аьлла билгало йитина ваханчух, шен фамили, ц1 е яз а йина. Б1 аьвнийн пенаш б1 ешерашкахь я мохе, я т1 еман ирчалле гор ца х1 оттаделлера. Цхьа воккха стаг санна, доьналлех дуьззина, шен дахарехь дуккха ирча киртигаш 1 иттаелла. Ма дуккха къамелаш дийр дара ца соьга, мохийн шабарца, хинан г1 овг1 анца. Хаза хенаш юьйцур яра цо, берийн деларх а, маьршачу заманца юьйцина, ткъа х1 инца деса ду пенаш а, б1 арзделла деса кораш а.
    Гонахарчу басешкахь лепаш гора тайп-тайпанчу зезагийн кортош: можа, сийна, ц1 ен басарш дара бецашна юккъехь даьржина, сирла басарш 1 енийча санна. Дукха генахь йоцуш лаьтташ яра базанийн жима хьун. Ма ирс ду-кх кхузахь 1 ачу нехан аьлла хеттачу заманчохь:
    – Адам! Ларлуш охьавосса, – аьлла хезира суна сайн ненан аз. Ца лаьара д1 аваха, йита х1 ара хазна. Делахь а, нене ла ца доьг1 ча цаваларна, юхнехьа некъ бира ас, оцу меттигашка вухаван дог-ойла йолуш.
    Сайн дийцар чекхдаккхале ала лаьа суна: ” Адамаш, дукхачу хьолахь, баккхийнаш, ирсе кхача г1 ерта, генахь лоьху цара иза. Ткъа иза юххехь ду – зезагца, б1 аьвнаца, эсалчу мохаца, хьан Даймахкаца. Сиха йоьду олу вай зама, ца йоьду – вай ду сиха, б1 аьрзе, 1 аламах хаьдда. Г1 ой вай Къоьзан-1 оме, б1 аьвнийн туьйранашка ладог1 а. Некъ дика хуьлийла вай.

  2. Дезна суна лекха лаьмнаш
    Лаьмнех дуьйлу шовданаш.
    ЦIена Iалам, юькъа хьаннаш,
    Сан Даймахкан аматаш…
    Со бер долчу хенахь дуьйна, боккха лаам бара сан, цкъа вахана Даймохк бустуш, Нохчийчоьнан массо меттехула, вайн лекхачу лаьмнийн, тIехь хьаннаш кхуьучу раьгIнийн исбаьхьа, хаза меттигаш йовза а, уьш сайн бIаьргашца ган а. Цаьрга доггаха хьажа лууш, Iаламо дIавоьхура шен цIена хIаваъ мийла. ТIаьхь-тIаьхьа дог карзахдуьйлура, и сан лаам кхочушбан лууш. Хийла байташ а язйора ас, цу лаьмнех лоций, геннара схьагучу хьесапехь, ойлано хьийзош. Амма и сан деган лаам кхочуш ца хуьлуш, гIан санна сиха дIадевлира сан бераллин шераш. ГIеметта а хIоьттира со, изза ойла хийца ца луш, дахаро лаьцна, къинхьегаман хьаьттахь белхалошца йохьалле вуьйлуш, доккха зеделларг лоьхуш.
    Амма кхин а чехка уьдура денош, дагардан а ца ларош, хIора а шарахь бIаьстенаш йохкуш лаьмнашка ваха.
    Иштта и лаам кхочушбан йиш ца хуьлуш, сан 40 шо а дуьзира, цул тIаьхьа махка тIом беъна хаьрцира ас йохаллехь хала йоьттина сан сатийсаман гIала. Сан халкъах хьаьрчира къизаллин бала. Кеманаша бомбанаш чу Iенош, маьI-маьIIехь херцара цIенош. Лаьмнашкахь декара дур-р. Ткъа, лаьтто, хIоъ-молхий худуш, шена тIеоьцура лазар. Лаьмнаша, шайн дера чевнаш а лечкъош, шаьш кура латтарца, ир-кара дохура дог. Амма, сан кийрахь лозура и.
    Хьомсара сан Даймохк
    Суо ирсе хета,
    Хьо мел бу вехаш ву
    Дуьненчохь со.
    Хьуна мел кхоьссинарг
    Сан дагна кхета,
    Сан дог а лазадо
    Лазийча хьо…
    Амма, шеко йоцуш, тешара дог Даймехкан балийна мел делхахь а кийрахь. Собаро са дууш кхехкара яхь. Тешара Даймехкан хиндолчу ирсах, бIаьстенан юьххьехь цо шен заза доккхург хиларх. Чекхбелира хьалхара тIом. Сан лаам кхин а совбелира лаьмнашка ваха. Лаьара оцу лаьмнашна хилла чевнаш ган, йовза. Царна тIе къинхетаме бIаьрг а хьажош, сайн бIаьргашца ган.
    Хьалхара сан лаам кхочушхилира 1998-чу шеран 8-чу августехь дуьйна кхо-де-буьйса лаьцна.
    Тхешан жамаIатан маьждиге лелаш болчу накъостех пхийттех стаг вовшах а кхетта (со массарел воккханиг а волуш), цигахь даго дечиган бист кхаччалц юург-мерг а кечйина, масех машенахь хьаладахара тхо.
    Тхо духхьара шина регIана юккъе дулучохь, Сиржа-Эвлан йистехь, обарг Зеламхана, шен говраца цхьаьна йоьгIна йолчу памятникана уллехь суьрташ дахийтира оха. Цул тIаьхьа Хорачу кхаьчча Зеламха ваьхначу метте а, ломахь и дIатарвелла Iийначу, хара йолчу лома а хьаьвсира тхо. Тхоьца видео-камера а, сурт доккхург а, турмал а яра.Цигара Къоьзана Iома тIе хьаладахара тхо. Суо Дала дуьнен тIе ваьккхичхьана сайна ур-аттала гIенах дуьхьал а ца тесна йолу хазалла гира суна цигахь. Дуьненан ялсамани хийтира суна цигара Iаламан сурт. Ма-дарра цуьнан сурт хIотто говзалла а ца карайо суна. Делахь а, тхайн хилларг-лелларг хьахо хьожур ву со.
    Хьалха, “Турбаза” хиллачу меттехь волейбольни майданахь четар а тоьхна дIанисделира тхо. Дуьххьара тхайн лулахой муьлш бу хьаьвсира тхо. Уьш бара тхо санна садаIа баьхкина, цхьана агIор Куршлойн-Эвлара а, вукху агIор Йоккхачу АтагIара а кегийрхой. Цу уллохь хIун юрт ю-те аьлла машенахь дахча, гена йоццуш, Хой цIе йолуш, бIаьвнаш а йолуш, жима кIотар а яра, шена чохь бехаш кIеззиг бахархой а болуш.
    Иштта даккхийдерца дIаелира тхан дуьххьарлера буьйса а. Пхьуьйра ламазана молла а кхайкхина тхо жамаIат ламазана дIахIитта дагахь долчу хенахь, Iаламат, суна цкъа а ца хезначу хазачу мукъамехь, гондIахьарчу лаьмнаша тIаьхьара олуш санна, цхьанхьара зевне декарца, молла кхойкхуш аз тIедеара тхуна, Къоьзана Iомана дехьара схьа. ЧIогIа сакIамделира тхан цига даха. Амма, гондIара меттиг дика евзаш цахиларна, тIехIоьттинарг буьйса а хиларна, и лаам кхочушбойла ца хилира тхан.
    Хьалхара буьйса чIогIа шийла еара (я тхуна хетара а хаац дуьххьара лаьмнашкахь долу дела). ШолгIачу дийнахь уггаре а хьалха, хи чохь долчу пийсиг хьокхучу лодкаший, пидалаш хьовзочу “катоморанкиний” тIеховшалуччул тIе а хевшина, Къоьзана Iома дехьарчу бердаца садоIуш болчарна тIедахара тхо, сийсара хаза молла кхайкхинарг вовзар Iалашо йолуш. Иза хиллера Хьиди-КIотарара баьхкинчаьрца, Дела реза хуьлда цунна (цуьнан цIе йицъяларна бехке ву со).
    Шен хьеше довха куьг кховдош,
    Вайнехан гIиллакх ду тоьлла.
    Хьешаца ца хилла дов, дош,
    Лийрина бехке ву аьлла.
    Даиман беркат а хеташ,
    Сан дайша лийрина хьаша.
    Хьешана, шенна цIа кечдеш,
    Я цунна ца кхоош кхача…
    Нисса тхо ламазана тIе доьрзуш болу, къилбехьа агIор 800 метр лекха хир болу, шена тIехь хьала кхуьуш диттийн кондарш а йолуш (хьалха цу тIехь цкъа а ца хилла боху дитташ) сеналлица кхелина болу исбаьхьа хаза лам, бийца, цуьнан ма-дарра сурт хIотто басар карор а дацара. И хаза лам болу агIо хIинца а суьйлашца кхоччуш доза къастийна а яц, бохуш дуьйцура турбаза лаьттинчохь хехь волчу цхьана воккхачу стага…
    Цкъа а дицлур дац суна оха цигахь самукъадолуш даьккхина кхо де-буьйса. Ткъа жималла а, могашалла, шегахь похIма дерг-м муххале а Iалур варий Даймахках лаьцна довха дош ца олуш? Iалур вацара, хьанора! Я со а ма ца Iавелира, цунах дага ца ваьлча.
    Хьажахьа, вайдаха,
    Хаза-м бу Даймохк!
    Даим и хилла-те
    Иштта хаза?
    Дог хьостуш тIехьоькху
    Юьхьдуьхьал бай мох,
    Исбаьхьчу бошмаша
    Доккху заза.
    Буьйсанна батто шен
    Нур хьоьрсу хьуна.
    Малхо шен зIаьнаршца
    Лийчабо хьо.
    Илланчийн пондаран
    Аз ду хьо суна.
    Хьо безар марзонна
    Сакъерало.
    Хьан цIена хIо мелча,
    ДегIехь ницкъ деба.
    Шовданах къурд бича
    Хьогалла йов.
    Хьан стоьмийн хьурматех
    Синош ца Iеба.
    Хьан лаьмнийн догIа ду,
    Ламанан бIов.
    Хьовсийша, вайдаха,
    Хаза-м бу Даймохк.
    Даим а хилла бу
    Иштта хаза!
    Сил аьхна схьахьоькху
    Юьхьдуьхьал байн мох.
    Де-дийно кхин хаза
    Доккху заза.
    2-гIа дакъа
    Лечкъош йина дера чевнаш,
    Курра лаьтташ ду сан лаьмнаш
    Сил-сил хилла юьйцуш хенаш
    ГIаролехь ю царна бIаьвнаш…
    Цул тIаьхьа елира шо гергга зама.
    1999-чу шеран, аьхкенан юккъерчу баттахь, тхо юха а вовшахкхийтира лаьмнашка даха. Амма, хIинца кхечу агIор боьду некъ бара оха юьхьарлаьцнарг. Тхо, Дуби-Эвла тIехьа юьтуш, чудуьйлира Орган чIож мадду некъ беш. Кхечира Шуьйта, Итум-Кхалла, иштта Органца мел йолчу юьрта а. Дахара Нохчийн-Гуьржийн доза къаьстаче кхаччалц. Амма, садоIуш севцира дозанера масех километр лахахьа а девлла, цхьана ломах схьадуьйлучу шовдана йистехь. Толлура оха тхайна хазаделлачу лаьмнийн лакхенаш, кхача гIерташ церан баххьашка, дукха хьолахь и тхан лаам кхочуш хуьлура.
    Цхьана дийнахь, цхьа лекха лам боккхуш, бIаьвнаш йолчу тхо хьала девлча, уггаре а лекхачу цхьана ломан бохь тIе йоьгIначу нохчийн байракхна тIе кхечира тхо. Иза хиллера Иорданера вайн махка хьошалгIа веанчу цхьана нохчийчо йоьгIна. Ткъа дехьо, хьалхалерчу заманахьлера кешнаш а дара, бIаьвнаш санна тIулгех доьттина, шайна чохь, шина а агIор терхеш а йолуш. Цу терхеш тIехь баккхийчийн а, берийн а нисъеш охьаехкина деллачу адамийн чалхаш а йолуш.
    Бераллехь дуьйна хилла болу сан сатийсам кхочушхиллера. ХIинца суна сайл ирс долуш цхьа а ца хетара дуьненахь. Со сайн лаьмнех, Даймехкан лаьттах а воккхавеш, маьршша лаьттара. Хетара суо Даймехкан дега юккъехь байракх санна лаьтташ ву.
    ХIинца ву-кх со сайн Даймахкахь хецна дош ала йиш йолуш. ХIунда аьлча, суна чIогIа беза вайн Даймохк, еза цуьнан исбаьхьа аренаш, цуьнан сийна хьаннаш, цуьнан нуьцкъала лаьмнаш, цуьнан хих дуьзна татолаш.
    Цуьнан гIаланаш, ярташ, цу чохь мел деха миска адамаш. Цуьнан хIора маьIиг а, иза мел генахь елахь хьоме а гергара а ю суна.
    Вайн Даймохк – иза Вайнехан сийлахь, боккха доьзал бу, керла а, ирсе а дахар хIоттош болу.
    Эзарнаш миска адамаш леррина де-дийне мел долу, хьанал къахьоьгуш ду вайн лаьтта тIехь, и лелош, дерзош а.
    ЦIена, сирла ду вайн Даймехкан хиш – хьостанаш. Лаьтта бухахь Iаьржа деши хиларца, чIогIа хьал долуш а бу, шена тIехь дIайийнарг кхуьуш, беркате а бу. Шена чохь дуккха а эвлияаш бахкийтина, Дала дика дина мохк бу вайн Даймохк.
    Рицкъанаш мел генахь хилахь а, каш шена чохь хила хьакъ долуш бу иза. Кхузахь а кхо де-буьйса даьккхира оха. Лекхачу лаьмнийн Iалам а дара дийцина ца валлал исбаьхьа, хаза. Амма ойлано юха а хьаьвззий Къоьзана-Iам болчу вуьгура со. Дуьхьал хуьттура цигара исбаьхьа сурт. Лерехь лаьттара Хьиди-КIотарарчу жимачу стага хазачу мукъамехь ламазана кхойкху молла. Ткъа хIоккхехь, Органо чIуг етташ, чугIерташ санна, декадора шен чIогIа аз.

  3. Мамакаев ?аьрби вина 1918 шеран гIуран-беттан 2-чу дийнахь Лаха Нёврехь. Мамакаев ?аьрби – нохчийн яздархо а, гочдархо а вара. Иза нохчийн литературан бухбиллархойх цхьаъ лору. Тоьллачех нохчийн классикан литературан векал а вара иза. Вуно жима волуш, да-нана доцуш байлахь висарна кхиира иза берийн цIахь. 1930-г?а шерашкахь «Ленинан некъ» газетехь а, радиохь а болх бан волавелира. Цигахь болхбечу хенахь, драматургийн курсашка а лийлира.
    Цуьнан хьалхара байташ арахийцира 1934 шарахь. Хьалхара байтан гулам «Теркан тулгIенаш» араелира 1940-чу шарахь. Цуьнан уггаре гоьяьллачех цхьаъ ю цуьнан поэма «Аслага а, Селихат а». 1941-чу шарахь иза контрреволюцин болх беш ву аьлла дуьххьара чувоьллира. Кхело теллинчул тIаьхьа, бехке вац аьлла арахийцира иза. Цул тIаьхьа цо болхбира Нохч-Г?алг?айн яздархойн бертан коьрта хьехамча. Цу хенахь Нохч-Г?алг?айн драман театро х?оттийра цуьнан ши пьеса: «Оьг?азло» а, «Таллар» а.
    Вайнах ц?ера бахарна дуьхьал ву аьлла, иза юха а чувоьллира. ХIинца иза Магаданерчу Гулаге хьажийра. Магадехь хан йоккхуш, цо язйина цхьа а байт хууш яц. Набахтера арахецча, иза Казахстане вахара шен доьзалах дIакхетархьама. Иза «Къинхьегаман Байракх» газетан зорбане балха дIахIоьттира.
    1957 нохчашна цIа бахка бакъо елча, Нохчийчу юхавийрзира Iаьрби. Ала догIу, кхело хьалха иза бехкевинчу бехках цу шарахь бакъвинехь а, иза реза ца хилира коммунистан партин тоьшаллан кехат юха схьа эца. Компартино шена а, шен къомана тIехь дина тIайзар гоч ца даран тоьшалла хетало иза. Цундела, цуьнан дукха халонаш дан дийзира шен дахаран оьмаран тIаьххьарчу шарахь. Ткъа иза велира шен доттагIчуьнан Абузар Айдамиров Абузаран цIахь.

  4. Дуккха хаза меттигаш ю вайн Нохчийчохь. И х1ора меттиг шех лаьцна дийца к1ордор доцуш ю. Бакъдерг дийцича-м суна дукхахъерш телевизор чохь бен ца гина. Лекха лаьмнаш, г1овг1анца охьаоьху чухчарийн хиш, хьаннийн исбаьхьалла – и суьрташ сайна гича, со воккхаве вайн иштта меттигаш хиларна, цига кхача боккха лаам бу сан.Сайн дийцарехь аса юьйцур йолу исбаьхьалла Къоьзан-1ам бу. Ас дуьххьара хьоьстуш хир йоций хаьа суна Къоьзан-1оман цхьа шатайпа хазалла.Аьхка цига даха аьтто хилира тхан, сайн нийсархоша дийцарехь лаьара суна цига кхача. Кхераме белахь, некъ бах ца белира суна. Цхьа 1адийна стаг санна вара со, оцу меттиган исбаьхьалло цецваьккхина. Телевизор чохь гаррий, хьайн б1аьргийн нуьрца гаррий цхьаъ ца хиллера. Б1аьргашна хьалха х1оьттина сурт цхьа туьйра, цхьа г1ан дара. Суна моьттура: « Х1инца ас б1аьргаш схьадиллича, со сайн ц1ахь хир ву, сайн лехамашкахь». Гуш дерг г1ан дацара. Сийно-баьццара хи, бухара т1улгаш гуш, ц1ена. И хина 1уналла деш санна, цунна го бина аьрцнаш. И дерриг сурт цхьа даг чу ца тарлуш хазахетар дара. Лаьара массо меттиге б1аьрг тоха, хьайн деган к1айле йийца гено лаьттачу б1аьвне. Лекхачу орцана т1е хьалавелира со.-Эх1 , хьан аьлла х1аваан чам бац,бакъ дац шуна иза, цхьа мерза, хьан накха бузош ду кхузара х1аваъ.«Э-е-ее-е-й!»- аьлла мохь тоха лууш, цхьа тамашийначу, цкъа суна ца девзачу синхаамаша д1алецира со. Оцу аьхначу х1авао лахдира сан к1адвалар, д1аяьккхира сан даг чуьра есалла. Сан 1алашо- б1ов ах хаьрцина лаьтташ яра, цуьнан пенаш йозанашца къарздинера, т1ехь цхьаццаммо , аса сонта стаг эр дара цунах, ша кхузахь хилла аьлла билгало йитина ваханчух, шен фамили, ц1е яз а йина. Б1аьвнийн пенаш б1ешерашкахь я мохе, я т1еман ирчалле гор ца х1оттаделлера. Цхьа воккха стаг санна, доьналлех дуьззина, шен дахарехь дуккха ирча киртигаш 1иттаелла. Ма дуккха къамелаш дийр дара ца соьга, мохийн шабарца, хинан г1овг1анца. Хаза хенаш юьйцур яра цо, берийн деларх а, маьршачу заманца юьйцина, ткъа х1инца деса ду пенаш а, б1арзделла деса кораш а.Гонахарчу басешкахь лепаш гора тайп-тайпанчу зезагийн кортош: можа, сийна, ц1ен басарш дара бецашна юккъехь даьржина, сирла басарш 1енийча санна. Дукха генахь йоцуш лаьтташ яра базанийн жима хьун. Ма ирс ду-кх кхузахь 1ачу нехан аьлла хеттачу заманчохь:- Адам! Ларлуш охьавосса, – аьлла хезира суна сайн ненан аз. Ца лаьара д1аваха, йита х1ара хазна. Делахь а, нене ла ца доьг1ча цаваларна, юхнехьа некъ бира ас, оцу меттигашка вухаван дог-ойла йолуш.Сайн дийцар чекхдаккхале ала лаьа суна: « Адамаш, дукхачу хьолахь, баккхийнаш, ирсе кхача г1ерта, генахь лоьху цара иза. Ткъа иза юххехь ду – зезагца,б1аьвнаца, эсалчу мохаца, хьан Даймахкаца. Сиха йоьду олу вай зама, ца йоьду – вай ду сиха, б1аьрзе, 1аламах хаьдда. Г1ой вай Къоьзан-1оме, б1аьвнийн туьйранашка ладог1а. Некъ дика хуьлийла вай.

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *