Сочинение на тему маца девза доттаг1алла

5 вариантов

  1. 1
    Текст добавил: хочу звездочку с неба

    Родился 2 октября 1889 года в селении Новые Атаги. Его отец – рабочий Владикавказского серебряно-свинцового завода – принял участие в революционном движении 1905 года, и в 1907 году его сослали.
    Окончив 4-классное Владикавказское училище, С.-Б. Арсанов в 1907 году становится копировщиком чертежной строительной конторы в городе Баку. Затем работал в городах Владикавказе, Одессе. В 1910 году он поступает в политехнический институт в Петербурге, дает частные уроки. В том же году за участие в политической демонстрации в Петербурге был арестован и сослан в Вятскую губернию, откуда бежал и эмигрировал в Германию, где ряд лет работал монтером и слесарем на одном из машиностроительных заводов. Возвратился в Россию в период первой империалистической войны. В 1919 году на Дальнем Востоке участвовал в борьбе против Колчака.
    В начале 20-х годов С.-Б. Арсанов много сил и времени уделяет просвещению своего народа. Одно время он – директор Асланбековской сельскохозяйственной школы.
    С 1921 года С.-Б. Арсанов находился на различных должностях в партийных, советских и хозяйственных органах. Работал заведующим агитпропом Чеченского оргбюро РКП (б), заведующим культпропотделом обкома партии, ученым секретарем Оружейной палаты в Кремле.
    С 1926 по 1930 год С.-Б. Арсанов – уполномоченный представитель Чечни при Президиуме ВЦИК в Москве.
    Литературная деятельность С.-Б. Арсанова началась в 1924 году. Писал он на русском языке. В газетах «Советский Юг» и «Известия9raquo; печатались его рассказы и небольшие статьи.
    В 1930 году журнал «Революция и горец» публикует главы из его романа «Два поколения», повествующие о формировании новых мировоззрений и взглядов горца. В 1931 году роман был издан на чеченском языке.
    С 1933 пo 1935 год работает на Калыме. В 1935 году Арсанов приезжает в Чечню и возглавляет Чечено-Ингушский научно-исследовательский институт языка, истории и литературы. На этой должности он оставался до октября 1937 года.
    В сороковых и пятидесятых годах С.-Б. Арсанов работал в системе народного образования Казахской ССР.
    С 1957 по 1959 год С.-Б. Арсанов – председатель Оргкомитета, а затем председатель Союза писателей ЧИАССР. В марте 1959 года писатель ушел на пенсию.
    В 1956 году в городе Алма-Ате в Казахском государственном издательстве вышел роман С.-Б. Арсанова «Когда познается дружба». Это был вообще первый роман в чечено-ингушской литературе. Он охватывает большой исторический период, который известен как период наиболее интенсивного революционизирования народных масс России. Такой замысел требовал от писателя длительной работы над произведением. Первые отрывки будущего романа – «Аул и люди», «За невестой», «Земли ему» – появились в печати еще в 1930 году. Впоследствии, прежде чем войти в роман, они претерпят значительную редакцию.

  2. Йовхарш а йина, цхьана минотехь соцангIа хилира иза.
    – Кхин масех де даьлча, шух хIоранна а кхочушдан цхьацца гIуллакх тIедуьллур ду. ТIедиллар, дуьйцийла йоцуш, кхочушдина хила деза, амма ларлуш хилар оьшу. ХIинца хIор революционер а декхарийлахь ву ларлуш а, тидаме а хила. Цуьнан, масала, бакъо яц накъостан адрес дайа, – элира цо цIарула-цIийвеллачу Бенон агIор вела а къежна, – уратталла Iадхьоькхучу пондаран гIутакх чохь дита а мегар дац иза. Ткъа иза-м ас иштта дIабохура, мелла а шуна гайтархьама.
    Ша дIавоьдуш, Кургановс накъосташка дийхира:
    – Аш хIун дей, кIентий! Кхана кхуза сан йиша йогIур ю шуна. Нагахь со ца хуьлий, иза, со схьаваллац, сацаелаш. Со кхузахь белхалошца саца дезаш ву: меньшевикаш бу чIогIа тIегIерташ. Уьш а бу шайгахьа агитаци еш!..
    Iай экзаменаш хила ши бутт хан йиснера. Шена хене валлал хIума шина урокаца йоккхура Бенос: цхьа урок яларна баттахь ворхI сом, важа яларна – пхи сом ахча лора цунна. Шинахьара а догIу ахча схьаэцнера цо – и дерриге ахча шайн «юкъараллина» юкъа охьадилла дIадаьхьира цо.
    Цхьана ураман маьIIехь ларамаза сецира иза: цунна юххехула чекхъелира цхьа жима зуда, чIогIа Тонех тера а йолуш. Бено ша волччохь, Iадийча санна, сецира, иза гучуьра дIаяллалц цунна тIаьхьара бIаьргаш дIа ца бехира цо, меттах ца валалуш виснера иза. Ша шех эхь хетара цунна: дагалецамаша синтем байинера цуьнан. Блудов Васькин и ирча гIуллакх хиллачул тIаьхьа иза дIавахаран хьокъехь хIун ойла йина хила тарло Тоняс? Иза шех къехкаш ву, цундела хIумма а ца олуш давахна аьлла? ХIун бахьана долуш халахетийтина цо оцу хьомечу йоIана? Шен хьокъехь гIайгIабеш а, тидаме а иза хиларний?
    Кханнахьехь иза йолчу ваха а, ма дарра дерриге цуьнга дийца а, дерригенна а баркалла ала а, иза къинтIера йоккхуш бехказавала а, амма Курганов волчуьра дIа ца ваха а сацийра цо.
    – ХIан, цхьа а ма вац, – элира цо, меллаша «коммунан» цIеношна чуваьлча, тишчу диван тIехь хиина Iийриг а ца гуш.
    Юхахьаьжинчу Бенона диван тIехь йоI гира, дагахь доцуш иза гарна цецваьлла хIара цхьана минотехь лаьттира вист ца хуьлуш.
    – Алахьа… хьо… накъост Кургановн йиша-м яц? – хаьттира цо.
    КIеззиг йоьхно иза елаелира.
    – Бехк ма билла суна, со цхьа кIеззиг ханна цхьанхьа ваха дезаш ву, кестта юхавогIур ву со, – олуш, Бено неIарехьа волавелира. ХIинца а дIадалаза дара цуьнан мелла а вохар.
    – Со а еача хIун дара техьа хьоьца, тарлур дуй?
    – Ткъа… неIарна хIун дийр ду?
    – Соьгахь догIа ду. Хьоьца жимма йола а елла, юха чуйогIур ю со.
    Юх-юххе хIоьттина догIуш дара и шиъ, ша вевзаш, иза шега леррина хьоьжуш санна, хетаделира Бенона. Цхьацца дагадеана, ойлане велира иза: цуьнан аз шена хьалха хезча санна, хетара цунна, ткъа бIаьргаш, аренан зезагаш санна, лиэпаш дара, цара а цхьадолу хIуманаш дагаоьхуьйтура цунна.
    – Хатта бакъо ло суна… бехк ма билла… – соцангIа а хилла, тIаккха юха а дIадолийра цо. – Хьо Кургановн йиша ю-кх?
    – Ю, шича ю, аса-х аьлла хьоьга.
    – ХIан-хIа, хила тарлац… Юха а ша волчуьра меттах а ваьлла, дагахь цхьаъ долуш корта ласта а бина, охьаоллийра цо.
    – ХIун хила тарлац?
    – Юха а изза аз, – олхазаран санна, хаза дека а, даггара схьадолу хьоме хета аз. ХIан-хIа, Бенона девзаш дара и аз!
    – Иза дикка хан хьалха дара, – элира Бенос эххар а, – хIетахь дуьйна дикка хан яьлла… – Яьлла, яьлла те, – элира йоIа сихха.
    – Со Москве воьдуш волуш… – Дара те хIетахь, – аьлла чехкка чIагIдира цо иза.
    – Соьций еара цхьа йоI… – Бено юха а сецира. Ткъа йоI а сецира, къайлах ела а йоьлуш, цо хаьттира:
    – Иштта хIунда хьоьжу хьо соьга?
    – Сайна цкъа а дицлур доцу йоIаца хилла цхьаьнакхетар дагадеанера суна.
    Цуьнан бIаьргаш шуьйрра белабелира.
    – Цкъа а дицлур дац хьуна и цхьаьнакхетар? – хаьттира йоIа, юха а ела а къежаш, тIаккха тIетуьйхира цо: – Делахь хIета, дагадогIу-кх хьуна.
    – ДагадогIу суна! – Бенос катоьхна цуьнан куьг схьалецира, – изза аз, оццул дагна безаме хеташ, там беш долу. ДагадогIу!
    – Эйе! Ма куьг лацар а ду! Лаза до ахьа куьг! – аьлла, мохь белира йоIе.
    – Бехк ма билла суна… Делора, даггара воккха ма ве со… Ма дагахь дацара суна хьо кхузахь ган!
    – Хийла хIума нисло адаман дахарехь, – олуш, доккха са даьккхира йоIа.
    – Хьо дуьххьара еана кхуза?
    – ХIанхIа, со хилла кхузахь. ДIаяхнера со, ткъа хIинца юхаеана-кх.
    – Цхьанхьа хьехархойн курсашкахь хир ю хьо.
    – Яц, лоьрийн… дешар дешна аса… – Баккъаллий?
    – Ткъа хIунда бах ахьа?
    – Иштта дIа бах-кх, – элира Бенос, Тоня дагаеанчу.
    ЙоI, цIеххьана самукъадаьлла елаелира.
    – Вайн хIетахь дахкар дагадогIий хьуна? ХIетахь гуттар хьоьга хеттарш дийриг со яра, ткъа хьо вуса а велла, со йолчуьра муха водур вара ца хууш Iаш вара. Тахана-м, хеттарш деш, садаIа а ца юьту ахьа со.
    ХIинца со а гIур ю оьгIаз, дIаяда а тарло со. Я хьуна, ахьа хIетахь сайна санна, сельтерски сифон олу хи оьцур ду аса хьуна.
    Бено велавелира.
    – Ткъа хьуна а догIу-кх дерриге дага?
    – Дера догIу. Со хIума дика дагадогIуш ю. Ма дарра аьлча, со йоккхаеш ю вайша юха а гина. Кица ма ду, девнаца цхьаьнакхеттарш шеко йоццуш доттагий хуьлу бохуш. Ткъа вайшиннах вагон тIехь дов даллаза дисира.
    Бенос, схьа а лаьцна, цуьнан куьг Iаьвдира, амма хIинца хьожуш, меллаша.
    – Хьо Кургановн йиша ю. Делахь хIета – вайша хIинца а доттагIий ду.
    – ДоттагIий! Ткъа суна-м хIинца а сайн доттагIан цIе а ма ца хаьа.
    – Бено ю сан цIе. Ткъа хьан?
    – Ианяй? – Бено велавелира, ткъа тIаккха ойлане велира иза, дагахь, ши цIе а йохуш: «Таня – Тоня, Тоня – Таня – Таня… схьахетарехь сан дахарехь кхин а хила тарло цхьа доккха гIуллакх шен цIе «Т» элпана тIера дIайолалуш: техник, тюрма (набахте), тревога… турпалалла эшар… бохуш дикка хIумнаш даьхкира цуьнан дага.
    – Таня, хьо гергара хета суна, цхьа совнаха хIуманаш а доцуш вайша… иштта… эвхьаза хуьлийла лаьа суна. Дика дуй?
    – Дика ду, – жоп а луш елаелира иза.
    Мел хаза бIаьргаш ду Танин. Цуьнан юьхь-сибатехь го безаме, хьоме серло, лиэпа нур кхин а дуккха а гора царна чохь, Бенона шен цIе яккха ца хууш дерг оцо Бенон дог сихха деттадолуьйтура. Цкъа хIинца Таница цхьаьна санна векхавелла, дог-ойла айаелла, самукъадаьлла хилла вацара иза. «Таня! Кургановн шича-йиша, дуьххьара со генна некъаваьллачу хенахь сан некъахо хилла йолу, хIинца кхузахь суна юххехь!» ЦIеххьана иккхина безам бара иза я бацара? Бенон довхачу дагний, цуьнан беран санначу синий иза хIинца а ца хаьара.
    «Суна хIун хилла?» – боху хаттар дора цо ша шега, цец а ваьлла.
    Цхьаннен а хьокъехь ойла ца ялора цуьнга, амма, шена гонах берш массо а хIинца ша санна ирс долуш хуьйлийла лаьара цунна. Шен киснахь дIа куьг Iоьттича, карийна пхи сом урокана цунна делла долу, дуьххьал шена тIенисъеллачу сагIадоьхучу зудчунна дIаделира цо, – муха мегар дара и санна долу пайда боцу хIуманаш хIинца тергал дар?! ХIуъа а дан а, муьлхха а кхераме гIуллакх дан а кийча вара иза, башха ша дечун ойла а ца еш. ХIуъ а дан кийча вара иза, хIара ховха хьал шегара дIа ца даьлчхьана, дерриге а гонах дерг башха, ирсе, самукъане хетара цунна.
    Иза иштта шен дуьхьа долуш санна!
    Кхоьлино йолчу сийначу стигалхула гучуевлира мархаш – бамба санна кIайн гуш йолу. Маьлхан тIаьххьара зIаьнарш гучу а евлла, къайлаевлира. Беной, Таняй, дист ца хуьлуш, цIехьа дирзира. Хабар дийца лууш дацара и шиъ: церан даг чохь иккхина йолу башха йоккха ойла еза яра, мел дикачу хазчу дешнел а!
    Ерриге а «Коммуна» гулъелла яра. Цул совнаха, гIаларчу алсамо яккхийчу предприятешкара веана масех стаг белхало а вара.
    – Накъостий, – цаьрга къамел дан велира Курганов. – Вайн дийца дезаш мехала гIуллакхаш ду. Нагахь аьчгах мекха кхетча, нагахь иза сихонца дIа ца яьккхича, цо эчиг доу, цо иза мел стомма хиларх цунна дерт до. Вайн белхалойн партехь а цхьаболчарах мекха кхетта, шайх и мекха кхетта долу адамаш вайн могIаршна юкъа эйта цхьацца тобанаш я вайн, олуш ма хиллара, фракцеш вовшахтоха гIерта. Белхан стаг цкъа цхьана, ткъа тIаккха кхечу агIор ийзаво цара, новкъара иза гуттар а тило гIерта уьш.
    Суна а хаабелла цара беш болу зуламе болх. Цара сий доу вайн партин, цу тIе кхидолу уггаре а сийдоцу питанаш а леладо цара: «Большевикашна цхьаьнце а цхаьнакхета ца лаьа? Большевикаш пролетариате герзаш даларехьа, диктатурехьа бу? Делахь хIета, уьш герзашца гIаттам барехьа бу-кх? Ткъа хIун деш Iа уьш? ХIунда ца гIуьтту уьш?»
    И церан зуламе бекар цхьаболчу белхалошна юкъадаржа а доладелла.
    ТIаьххьарчу гуламашкахь белхалоша соьга маьхьарий деттара: вай хIунда ца гIуьтту? Цкъа а чаккхе йоцуш «кечлуш» хIунда ду вай? И маьхьарий детташ берш дика кхеташ боцу, ойла кхехкаш йолу белхалой хила а тарло, ткъа оцу зуламхоша дуьйцучу туьйранех тешна болу питанчаш хила а тарло.
    Делахь ваьшка хаттар де вай: тарлой вайн хIинца герзашца гIаттам баран некъа тIе довла? ПхоьалгIачуй, йолхалгIачуй шерашкахь хилларг юха доло?
    Курганов чохь болчаьрга дIа-схьахьаьжира.
    – ХIан-хIа, ца тарло, – аьлла, чIоггIа жоп делира цо. – Цкъа а ца кхиинчу тайпана белхалойн класс хIокху шерашкахь кхиъаншехь, ца тарло.
    Ткъа хIунда ца тарло?
    Тужуркин киснара масех брошюра схьаяьккхира Кургановс.
    – Накъост Ленина оцу хьокъехь аьллачул дика, кхетош, нийса цхьаммо а эр дац. Кхузахь соьгахь цо тIаьхьарчу хенахь язйина «Революцин урокаш» боху статья а, цул хьалха язйина йолу масех материал а ю. Оцу гIуллакхан хьокъехь дуьххьал дIа дуьйцуш йолу меттигаш йоьшур ю ас шуна.
    Оцу брошюркашна тIехь шаьш дуьйцуш долчу гIуллакхах лаьцна йолу алсамо мехала меттигаш чIогIа лерина, дош ша-ша къастош олуш, дIайийшира цо.
    – Кхетий шу, накъостий! Питанчаша маг-магийначарна тIе а ца детталуш, ткъа шайн ницкъаш гулбан беза, вовшахкхетар, зIе хилар чIагIдан деза. Революционерийн – майрачу, муьтIахь болчу, сацам боллуш болчу, шайн са а кхоор доцуш болчу нехан – керла отрядаш кечъян еза. Зераш хьалхахьа дуккха а ду. Вайх муьлхха а хIаллакьхила тарло къийсамехь – бакъдолчунна дуьххьала дIа бIаьра хьажа веза.
    Кургановс, чуьраваьлла, амма кхетош, хьекъале, сацам боллуш, къамел дора, хIоранна шен-шена тIе бIаьргаш а хIиттош.
    – Накъостий, вайн балхо лоьху лерина ларлуш хилар, тидаме а, къайле ларъян хууш а хилар. Диц ма делаш, вайх цхьаммо ледарло ялийтича, иттаннаш кхиберш хIаллакьхила тарлуш хилар. Ца оьшучохь цхьана а тайпана турпалалла гайтар, дезадеттар хила мегар дац! Дуьйцийла йоцуш кхочушбан беза лакхара охьа болу гайтам. ХIума карахь долуш хила веза, амма оьшучохь хьекъале хIума.
    Йовхарш а йина, са а даьIна, кхин тIетуьйхира цо:
    – Со декхарийлахь ву шуьга дIахаийта: вай тергалдеш ду шуна. Делахь хIета, ларлуш а, доьналла долуш а хила деза.
    – Белхалошна тIе жоьпаллин гIуллакх дуьллу: шайн накъостий харцахьарчу новкъа ма бахийталаш, ларбелаш уьш, къамелаш делаш цаьрца.
    ХIара кехаташший, брошюрашший дIа а эций, чIогIа ларлуш дIаяржае нахана юккъехь. Шу, мелла а долуш долчух кхеташ а, алсам хууш а, дешна а, шаьш лелориг девзаш а дерш, декхарийлахь ду кхиберш шайна тIаьхьахIитто. Сийлахь-доккха гIуллакх дийр ду аш иза дарца! Мекха йоларца къийсалаш, дIаяккхалаш иза!
    Белхалошка хьоьжура Бено: буьрса, чIогIа ойла йолуш болчу цара сапарггIат, шайна хьоме, дезаран гIуллакх санна, тIеийцира шайна тIедиллинарг. Аптекера экаме хIуманаш санна, чIогIа лерина, Iалашдеш и кехаташ схьа а эцна, пачканаш еш, дIа а хьерчадеш, вуно лорий къайладохура цара.
    – Ткъа ахь, Бено, хIара конверт кхана дIалур ю, ас хьайна стомара вокзалехь гайтинчу накъосте, хьуна иза каро волу меттиг Карантинни гавань ю. Цхьана куьйгара конверт дIалур ю ахь, ткъа вукхуьнца волавелла воьддушехь цуьнгарниг схьаоьцур ю ахь.
    Курганов дукха лерина Бенога дIахьаьжира, жимачу стаге ша тIедиллинарг кхочушдалур дуй техьа бохург талла воллуш санна. Бенос цунна тIера бIаьрг дIа ца баьккхира – сох теша мегар ду хьуна бохуш санна. Пакет схьа а эцна, агIорхьа дIа а ваьлла, Танегахьа хьаьжира иза.
    Цецваьлла висира иза: мел тера яра иза хIинца Ульяшевах, дикачу, хьомечу Ульяшевах, цуьнан керахь еллачу «Мариямах». Танин юьхь кхоьлина, ойлане яра. Хьалха белхалошка а хьаьжна, тIаккха къайлаха чолхе болх бар шена тIедиллинчу Кургановга, оцу минотехь боккхачу тидамца ладоьгIуш воллучу Бендле, дIахьаьжира иза – цуьнан бIаьргашна чохь цIеран суйнаш лепара: мел дика ду-кх гонахара адамаш! Уьш – оьзда, шаьш ца кхоош болу революцин турпалхой!
    ТIаккха цхьа цIеххьана шовкъе хилла, билггал цхьана хIумане сатуьйсуш санна, цхьаъ дагахь вешега дIахьаьжира иза. Бено кхийтира: йоI ю, тIе йиша а ю аьлла, «къа а хетта», Петра, цхьа хIума тIе а ца дуьллуш, ша йитарна кхоьрура иза. Иза гIалат а велира: цунна тIедиллар деш Курганов вист хуьллушехь, оцу сохьта тохаелла, ерриге екхаелла, ирсе дIахIоьттира иза.
    Iуьйранна самаваьлла Бено оцу сохьта хьалаиккхира шен «меттара»:
    изий, Таний тахана-х шайна тIедиллинарг кхочушдан декхарийлахь ду.
    Иза кхузахь коммунехь волу мел кIезиг хан яьлла, – ткъа хIетте а мел хийцаделла, чулацамах дуьзна цуьнан дахар! Ма-дарра аьлча кхузахь хилла-кх иза а воккха.
    «ТIаьхьа ма висахьара! – аьлла, сихвелира иза. – Таняс ма аьллий, ша соьца йогIур ю! Ма дика ду иза! Вовшийн куьйгаш лаьцна, агIонах агIо тоьхна, оьшуш меттиг хилахь вовшашна гIо а деш, вовшийн кIелхьара а доккхуш, дIадахар! Ткъа иза-х ирс ду!»
    ЦIеххьана сихха а, чIогIа а деттадала делира цуьнан дог: хIара волчу чуелира Таня. Ирс ша ду-кх цуьнан ойланашна тIегIерташ.
    Кхин цхьа сахьт даьлча гаванехь, хIорда йистехь, дара и шиъ. Бенос меллаша гола Iоьттира Танина.
    – ВогIуш ву, – лерехь а олуш.
    Сийна коч юьйхина, карахь пхьеран гIирсаш болуш, балха воьдуш санна, дуьхьал вогIуш вара цхьа стаг. Танин дог тохаделира, амма цо иза гучу ца даьккхира, – мелхо а ела къежира иза.
    Белхалочуьнга дIанисвелча, болар ца талхош, Бенос цуьнга дIаелира шегара конверт, оццу секундехь цуьнгарниг схьа а ийцира цо. И дерриге а хилира бIаьрган негIар тухучу сохьта: вовшийн бевзаш а боцуш санна, дIа-схьабахара хIорш.
    Йис йиллина, кIайн лаьттачу Александрийски паркан агIонашкарчу некъех цхьанна тIехь Таняс а дира иза: хан тоьхна волчу пхьерера кехат схьа а оьцуш, шегарниг цуьнга дIаделира цо. Оцо цIоцкъамаш саттийра, ткъа хIара кхийтира – аьрру агIор яхара хIара, ткъа иза аьтто агIор дIавахара.
    Шаьшшинна тIедиллинарг кхочуш а дина, къона дитташ долчухьа паркерчу гIанта тIе охьа а хиина, сецира Таний, Беной. Церан бIаьргаш вовшахкхийтира – цхьабосса, кIорггехь дохку сийна бIаьргаш, аьхка екхначу дийнахь хIорд санна, хеталуш долу. Цунна шена а дагахь доцуш вуно ийзалуш Танин куьг схьалецира Бенос. Мел дукха цуьнга хIинца дийца лаьара-кх кхунна, амма, стенна делахь а, мотт ца луьйра кхуьнан, цхьа бIаьргаш бара лепаш, Iаж санна бос болуш, йогуш ши бесне а яра.
    – Хьо, схьахетарехь, поэтан санна, айаелла ойла йолуш ву.
    – Хаьий хьуна, Таня, дахар бохург… аьлча а… собар дехьа, нагахь хьайна… хьайна уггаре а еза хеташ а, хьан шеца уггаре а деза, кхераме гIуллакх цхьаьнадогIуш а… масала, вайн болх, юкъарчу сийлахь доккхачу ирсан дуьхьа беш йолу йоI шена карийча, шех иза кхетча… Таняс цIоцкъамаш дусийра.
    – ХIа! Хьо хIинцале оьгIазъяха йоллу… – Яллане а ца йоллу. Со дика ладугIуш ю.
    Бено цхьанхьа-м генна дIа а, ирах а хьаьжира.
    – Бакъдац ткъа, иза баккъалла а башха дика хир дацара, цхьаьна хилча… даима а цхьаьна, оцу йоIаца… дахарехь цхьаьна? Оцу хьайн езаш йолчу йоIаца, оцу… – Хьаьнца? Мила юьйцу ахь? – аьлла, хаттар деш цуьнан кIеда-мерза аз хезира цунна. Иза шен даг чу хьаьжча санна, хетаделира Бенона.
    Цуьнан сирлачу, ойлане долчу бIаьргашна чохь цунна гира дуьнен чохь мел долуш долу дерриге диканиг, хьомениг, дезаниг, дерриге адамана дала тарлуш долу, хьолах адаман ойла, цуьнан дахар дузуш долу, адамо цхьана дашца шех «ирс» аьлла цIе тиллина дерг.
    – Хьо езар, – юха элира цо. – Хьо… Хьо еза-кх суна, Таня… «Ма тамехь йоккху цо сан цIе», – бохург дагахь а долуш, корта а оллийна, цIийелла кхохкийра иза.
    Кхунах тешаш Таняс кхуьнан доккхачу куьйга кера диллинчу куьйгах Iаламат там хиллера цунна, иза хьоме, гуттар кIайн хетара цунна. Иза карахь ловзо, иза даима кара а лаьцна, кетаран пхьуьйшахула гоьле кхаччалц цунна тIе куьг хьакха лаьара цунна. «Ткъа муха мегар ду иза, – олий кхералора иза. – Иза-х товш дац? Муха мегар ду ас оцу хьокъехь ойла яр а?»
    Хьаьжа юккъе шад хIоттийна, корта а оллийна, шен деган кхехкар лачкъо гIертара иза, амма оцу хьомсарчу, нисделлачу куьйго, магнито эчиг санна, шена тIеийзаво.
    Бенон ницкъ ца кхочура ша-шен сацо, охьа а таьIна довха-даьIначу синан Iаь туьйхира цо Танин куьйгана.
    – Ахь хIун до? – аьлла, меттахъхьайра Таня, – хIунда?
    «Алий ас? – ойла йора цо. – Дера ала, аьр ас».
    – Суна, Таня… а хьан куьг ловзо лиънера, амма ца хIоьтти со: и санна долу ховха куьг ловзадар – иза бех… Сайн кийрарчу цIеран Iаь мукъане а тоха ас цунна аьлла, ойла хиллера сан… Жоп луш цхьаъ ала дагахь яра Таня, амма цхьа а дош ца алалуш йисира иза. Халла шен куьг дег тIе лецира цо – иза чIогIа детталуш дара – бIаьргаш хьаббина, корта ластийра цо: «Иза хIунда до? Со хьо саннарг ю. Вайшиъ-х цхьанийсса накъостий ду».
    Чуьраваьлла, ойла айаелла цхьаъ-м дуьйцуш вара Бено, амма шен ойланашна чуяханчу Танина ца хезара цо дуьйцург. ТIаьххьара а, цIеххьашха самаяьлча санна, цо дуьйцучух кхета гIерташ ладегIа елира иза: «Иштта хилча дика ма дац, иза-х соьга луьйш вара» – бохура цо ойланца ша-шега.
    – ЭхIе, Таня, – элира Бенос вела а воьлуш, – мел дикачу, башхачу некъа тIехь вовшахкхетта-кх вайшиъ! Вайшиммо а еш ерг цхьа ойла ю, цхьаннан хьокъехь, вай ший а тешаш дерг а цхьаъ ду – ойланаш, къинхьегам цхьаъ бу! Вайшинне а лаьа вешан дахар цхьабосса хуьлийла. Таня, со тешаш ву-кх вайшиъ ирс долуш хирг хиларх! Амма иза вайна атта догIур доцийла хаьа суна, иза бакъду. Амма хIетте а, вайшиъ, вай цуьнга кхочур ду, тIамца доккхур ду-кх вай иза, ирс!
    – Бакълоь, бакълоь, – олуш, корта ластийра Таняс. – Иза дерриге нийса ду… Со а, хьуна санна, иштта хеташ ю! Со иштта чIогIа йоккхае… Паркерчу гIа доьжна дерзинадевллачу дитташна юккъехула дIа шера гуш йолу стигал а, гуш долу хIордан га а гайтира Бенос цунна бIаьргашца.
    – Хьажахьа, – элира цо, – дIо стигале. Бух боцу сийна стигал… Ткъа хIорд… дуккха а хIордаш. Ткъа царна дехьа исбаьхьа башха Iалам долуш латтанаш ду: вайн ду, дерриге дуьненахь а ду… бIаьргашна ца го уьш дукха генахь хиларна… хIара дерриге дуьне мара а лацалур дац я ган таро а хир яц, тIехдоккха хиларна. Амма суна хIара дерриге а го.
    ХIорш – хьан бIаьргаш бу… царна чохь – дерриге, дерриге дуьне ду… Хьо ду-кх – дерриге… Меллаша вовшийн куьйгаш лаьцна догIура и шиъ, къона, ирсе, вовшийн дезаш, майрра долу шиъ. Дахаро керлачу некъа тIе кхойкхура цаьрга – къоначу ницкъех дуьзна долуш, хиндолчуьнгахьа кхача Iалашо йолуш долу и шиъ оцу некъа тIе догIура ширачу паркан тIе ло диллина лаьттачу новкъахула… Парк чекхъелира. Ураман гIовгIано саметта далийра и шиъ.
    ЦIеххьана цхьа хIума дагадеанчу Таняс, «Ах!» а аьлла, Бенон куьг схьалецира.
    – Бено, бехк ма билла, со бехке ю хьуна хьалха, – элира цо. Оцу сохьта Бенон юьхьа тIе IиндагI хIоьттира: сагатделла, цецвелира иза.
    – Шек ма вала, хIумма а кхераме хIума дац, – олуш, елакъежира иза. – Дуьххьал дIа хьоьга деана кехат ду-кх, ткъа суна хьоьга иза ала дицделлера. Иштта стоьла тIехь Iуьллуш ду-кх.
    – Стоьла тIеххьий?
    Цецваьллачу Бенос цIоцкъамаш айира.
    – Ду те, хьан чохь.
    – Сан чоххьий? – Бено кхин а цецвелира. – Иза… ТонягIаьргаххьий?
    Ду бохург чIагIдеш, Таняс корта ластийра.
    – Дукха хан ю иза деана. Бехк ма Билла, иштта тIаьхьа аларна. Схьахетарехь, шун цIера ду иза. Вало со йолчу гIур ду вайшиъ – хIинца доьшур ахь иза.
    Тонин хIусамехьа дIадирзира и шиъ.
    – Суна Тоня йовзарх цецваьллий хьо?
    – Дера ваьлла! ХIара дерриге а иштта дагахь доцуш! Иза мичара евза хьуна?
    – Тоня тхан группин куьйгалхо ю. Лакхарчу курсехь, кху шарахь чекхйолуш доьшуш ю иза. Ткъа цул совнаха, со и йолчохь Iаш а ю.
    Дагахь цхьа хаттар долуш санна, Танига дIахьаьжира Бено.
    – Я те, – аьлла, цунна дагахь дерг чIагIдира цо. – Хьо иза йолчуьра вайчхьана дуьйна цигахь Iаш ю со. ХIа, вало, вало. Суна цуьнгара дуккха а хезна хьан хьокъехь дуьйцуш. Ас айса а дийцира цунна сайна хьо гар.
    Нагахь иштта ца нисделлехьара, цо хьо лохур а вацара моьтту хьуна?
    ХIусамехь вехаш волу стаг тIап ца олуш вов, ткъа иза са а ца гатдеш Iан еза?!
    Цо цуьнан пхьаьрсах чекх куьг даькхина, кхин а чехка дIадоладелира и шиъ.
    ХIинца дукха хан йоццуш Бено Iийна волчу, ткъа хIинца Таня чохь Iаш йолчу цIа чохь, тохара санна дара: стол а, маьнга а, гIаь нташ а иштта лаьтташ дара. Ур-атталла гата а, тохара санна, шен меттехь кхозуш дара, чертеж тIехь еш долу у корехь лаьтташ гора.
    Бенос собар доцуш сиха даьстира кехат. «Здрасти дорогой наш брат»
    («Маршалла ду хьоьга тхан хьоме ваша»), – аьлла, дийшира цо хьалхара могIанаш.
    «Баккъалла а йижарша яздина техьа хIара? Цара яздина: куьйгаш Iайшатий, ПетIаматий таIийна. Хьажахьа – яздан Iемина-кх царна! – цуьнан бIаьргаш шуьйра дIаделладелира. – Хьан Iамийна техьа царна?»

  3. Арсанукаев Iабдулла

    АРСАНОВ САЬIИД-БЕЙ (1889 – 1968)

    Нохчийн исбаьхьаллин литература, къоман культура кхиорехь, Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь Iаламат доккха гIуллакх дина Арсанов СаьIид-Бейс. Мехала ю цуьнан кхолларалла. Къоман литературехь йоккхачу эпически жанрехь чекхъяьлла йолу произведени – роман дуьххара Арсанов СаьIид-Бейс язйина.
    Чолхе а, хала а хилла яздархочун дахаран, кхоллараллин некъ. Арсанов СаьIид-Бей вина 1889 шеран 2-чу октябрехь Нохчийчохь, Жимачу АтагIах, ахархочун Арсанбекан доьзалехь. ЧIир тIеяр бахьана долуш юьртах вала дезна Арсанбекан. Шен доьзалца Владикавказе кхелхина а вахна, цигарчу дашший, детий доккхучу заводе балха хIоьттина иза. 1905 шарахь Россехь белхалой меттахбевлла, революцин болам болабелча цу юкъа вахна Арсанбек. Революцин боламехь дакъалацарна 1907 шарахь паччахьан Iедало лаьцна Сибрех вахийтина иза.
    СаьIид-Бейс Владикавказехь 4-шеран училище чекхъяьккхина. 1907 шарахь Баку гIалахь цхьана гIишлошъяран организацин конторехь коперовальщикан, чертежникан болх бина. Цул тIаьхьа Одессе а вахна, цигара электротехнически училище чекхъяьккхина, дешарца цхьаьна болх а беш. Юха цIа а вирзина, цхьана муьрехь Владикавказехь болх бина, «Терек» газетаца юххера уьйр а латтош. 1910-чу шарахь Петербургерчу политехнически институте деша воьду Арсанов СаьIид-Бей. Кхузахь революционни ойла йолчу студентащца цхьаьна вара СаьIид-Бей. Политически демонстрацешкахь дакъалацарна чувоьллина иза. Ши бутт чохь а баккхийтина, Вятски губерни ссылке хьажийна. Цигара вада аьтто а баьлла Варшаве а, цул тIаьхьа дозанал дехьа Германи а кхочу иза. Цигахь цхьана машинаш ечу заводехь слесаран а, монтеран а белхаш бина цо. Студентийн гIаттамашкахь виллина дакъалоцуш а хилла иза. Арахьа дуккха а хало, гIело лайна цо, амма дуьне а, адамаш а довзарехь мехала хан хилла иза яздархочунна. Хьалхара империалистически тIом болабелча, Росси юха вогIу Арсанов СаьIид-Бей. ЦIа вирзинчул тIаьхьа 1917-1921 шерашкахь Иркутски университетехь доьшу цо. Колчакан кIайчу эскаршна дуьхьал бинчу тIемашкахь дакъалоцуш а хилла иза.
    1921 шарахь кхайкхина Нохчийчу схьавалаво Арсанов СаьIид-Бей, идеологически болх дIабахьарца доьзна гIуллакхаш тIедохку цунна. Арсанов СаьIид-Бейс белхаш бина тайп-тайпанчу серлонан, бахаман, партийни учрежденешкахь. Доккха гIуллакх дина цо Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь.
    Нохчийн дуьххьарлера газета арахецаран гIуллакх тIедиллина Арсанов СаьIид-Бейна. Корматалла вовшахтохараллин оьшу болх дIабахьа дезна. Цу тIехь Арсановна, Нохчийчу а веана, дика гIо дира хIетахь Ростовехь «Советский Юг» газетан редакцехь балхахь хиллачу Александр Фадеевс. Оьрсийн гоьваьллачу яздархочунна даггара баркалла аларца хьахайора Арсанов СаьIид-Бейс и хан. 1923-чу шеран 23-чу апрелехь, Арсанов СаьIид-Бей редактор а волуш, араелира «Советская автономная Чечня» газетан дуьххьарлера номер. ТIаьхьо, «Серло» цIе а йолуш, нохчийн маттахь арахеца долийнчу оцу газетан доккха маьIна хилла къоман литературий, культурий кхиорехь.
    Цул тIаьхьа Москва балха дIавуьгу Арсанов СаьIид-Бей. Цхьана муьрехь Кремлерчу Оружейни палатехь Iилманан секретарь Iийна иза, тIаккха масех шарахь ВЦИК-ан Президиумехь Нохчийчоьнан векал а хилла.
    Оцу хенахь Нохчийн областан партин органашкахь болх беш нохчийн кIезиг хилла. Дуьххьара Нохчийн обкоме балха хIоттийна веккъа цхьа нохчи – Авторханов Iабдурахьман, орготделан заведующи. Цо гIайгIабарца обкоме дIаэца болийна нохчийн къомах болу белхахой. Иштта обком партин культпропотделан заведующи хIоттийна Арсанов СаьIид-Бей. Оцу хьокъехь яздина шен дагалецамашкахь Авторханов Iабдурахьмана.
    Партин ЦК-н тидамехь хилла лаккхара дешар а дешна, кIорггера хаарш а, доьналла а долу Арсанов СаьIид-Бей. Тайп-тайпана жоьпаллин гIуллакхаш тIедохку цунна. 1933-чу шарахь иза хьажаво Колыме, пачхьалкхан органашка балха. Цигахь шина шарахь райисполкоман председателан болх бо цо. 1935-чу шарахь Нохчийчу цIа вогIу иза. Нохч-ГIалгIайн меттан, историн Iилманан-талламан института директор хIоттаво Арсанов СаьIид-Бей. Кхузахь цо доккха гIуллакх дина нохчийн, гIалгIайн меттанаш а, истори а Iилманца таллар вовшахтохарехь. Леррина тидам тIебохуьйту къоман барта кхолларалла гулъярна а, иза зорбанехь арахецарна а.
    1937-чу шеран 3 октябрехь Арсанов СаьIид-Бей НКВД-ан белхахоша, лаьцна чу а воьллина, буржуазни националисташна гIо деш хилла аьлла, бехке а вина, Сибрех вахийтина. ТIаьхьа, яздархочуьнан цхьа а тайпа бехк цахилар билгал а доккхуш, мукъа витина.
    Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь, шовзткъалгIий – шовзткъеитталгIий шерашкахь яздархочо Казахстанехь халкъан образованехь болх бо. Республика метта а хIоттина, цIа дирзинчул тIаьхьа, 1957 шарахь Нохч-ГIалгIайн республикин Яздархойн Союзан правленин председатель хаьржина иза. Цу даржехь болх бина Арсанов СаьIид-Бейс 1959 шеран март баттахь пенсе ваххалц.
    Арсанов СаьIид-Бейн произведенеш дуьххьара зорбане евлла 1924-чу ш. Цу хенахь «Советский юг», «Известия» газетийн агIонаш тIехь кест-кестта арадовлу цуьнан дийцарш, очеркаш, статьяш. ТIаьхьо Арсанов СаьIид-Бейн произведенеш арайийлина «Красная новь», «Народный учитель» цIерш йолчу журналаш тIехь а. Арсанов СаьIид-Бейн цIарца дозаделла ду къоман литературехъ романан жанр кхоллаялар. 1930 шарахь «Революция и горец» журналан кхаа номерехь зорбатуьйхира яздархочуьнан йоккхачу эпически произведенин дакъош. Цул тIаьхьа цхьа шо даьлча нохчийн маттахь «Ши тIаьхье» цIе а йолуш араелира и роман. 1930 шарахь зорбанехь араяьлла Бадуев СаьIидан «ПетIамат» цIе йолу чекхъяккхаза йисина роман а.
    Цу тайпана, Бадуев СаьIид а санна, къоман литературехь романан жанр йолорхо ларалуш ву Арсанов СаьIид-Бей а. Билгалдаккха деза, Бадуев СаьIид юьззина чекхъяьлла роман язъян ца кхианехь, Арсанов СаьIид-Бейс эпически йоккхачу форманан берриге а лехамашна жоп луш йолу роман нохчийн, гIалгIайн литературашкахь дуьххьара язйина хилар. «Маца девза доттагIалла» цIе йолчу романан хьалхара вариант ларалуш ю «Ши тIаьхье». Турпалхойн васташ даржош, сюжетан зIенаш тIеюзуш, идейно-исбаьхьаллин чулацам кIаргбеш болх бина автора шен произведени тIехь. «Маца девза доттагIалла» роман араяьлла 1956-чу шарахь Алма-Атахь. ХIХ бIешо чекхдолучу – ХХ бIешо долалучу муьрехь Нохчийчоьнан юкъараллин дахаран социальни хьелаш гайтина романехь.
    Оцу хенахьлерчу дахаран суьрташ эпически шуьйра а, кIорггера а дехкина. Тайп-тайпанчу географически меттигашкахь кхочушхуьлу гIуллакхаш, дуккха а исторически хиламаш бу романан чулацамехь. Къинхьегаман халкъо, тайп-тайпанчу къаьмнийн векалша паргIатонехьа латто къийсам гайтар ду романехь коьртаниг. Къаьмнашна юкъахь интернациональни доттагIалла кхолладаларан а, иза чIагIдаларан а хьелаш гайтина автора. Шина чкъурах бу романан турпалхой: Арсбий, цуьнан могIарера бершший; Беной, цуьнан нийсархой. Царах хIор чкъор а шайн хенаца догIуш, шайн амалшца, лехамашца гайтина. Дегайовхонца кхоьллина Арсбин, Джабраилан, Джон, ТIатIашан, церан накъостийн васташ. Цаьргахула гайтина адамийн ойланехь хуьлуш болу хийцамаш. Дахаран, шайна гонах гуш долчуьнан социальни маьIна дан Iема уьш. Арсбин кхетам кхиарехь мехала яра цуьнан Ивашинца а, Ульяшеваца хилла уьйраш. Романехь дикачарах ду зударийн васташ: Хедижат, Селима, Ульяшева. Боккхачу деган лазамца, амма царах воккхаверца гайтина уьш автора. Ша-тайпана хьежамаш бу авторан кегийрхошка: Бенога а, цуьнан накъосташка а. Сирла хиндерг царах доьзна лору автора.
    Яздархочо шуьйра пайдаэцна шен романехь халкъан барта кхоллараллех. Цунна кIорггера евзара нохчийн фольклор. Арсанов СаьIид-Бейс гулйина, зорбанехь арахецна къоман барта кхоллараллин шиъ сборник. Шен къастамаш бу «Маца девза доттагIалла» романехь халкъан барта произведенех пайдаэцаран. Фольклоран битамаша гIо до авторна къоман ламасташ, г1иллакхаш, оьздангалла йовзийта, адамийн ойланехь дерг гучудаккха, церан лаамаш, сатийсамаш гайта, халкъан дахаран къеггина долу суьрташ дахка. Джабраилан иллеш, Селимас шен шина йоIана дуьйцу туьйранаш, хабарш романан хиламех къасталур доцуш дIаийна ду. ДуххьалдIа барта произведенеш текстана юкъаялорца кхачалуш яц романан барта кхоллараллица йолу уьйраш. Яздархочун идейни, исбаьхьаллин Iалашонаш кхочушъярехь шайн маьIна ду церан. Романна цхьа ша-тайпа аьхналла а луш, йоьшуш волчунна исбаьхьаллин Iаткъам бан гIо до цара.
    «Маца девза доттагIалла» романан шолгIачу книги тIехь болх беш вара яздархо. Цхьа кIеззиг долу дакъош зорбанехь ара а девллера. Схьахетарехь, революци хиллачул тIаьхьа вайн махкахь керлачу дахарехьа къинхьегамца къийсам латтор гайта дагахь хилла яздархо романан шолгIачу книги тIехь. Амма шен Iалашо кхочушъян ца кхиъна иза.
    Арсанов СаьIид-Бейн «Серебристая улыбка» цIе йолу книгина зорбатоьхна 1965 шарахь. Ткъе иттех шо хьалха ша болх бинчу Колыма а вахна, хIетахь ша лелла меттигаш гина, цигарчу адамашца цхьаьнакхетарш а хилла, цIа веъча, арахецна яздархочо и книга. Оцу мехкан буьрсачу хазаллех, цигарчу адамийн хьуьнарех дуьйцу яздархочо шен барамца йоккха йоцчу книги тIерачу дийцаршкахь, очеркашкахь.
    Арсанов СаьIид-Бей гоьваьлла яздархо вара, цуьнан произведенеш Нохчийчохь евзина ца Iаш, йоккхачу советски пачхьалкхехь а евзуш а, лоруш а яра. Мехала хазна йиллина цо дукхакъаьмнийн литератури юкъа. Яздархочух, цуьнан кхоллараллех лаьцна алссам материалаш, статьяш арайийлина цIеяххана девзаш долчу журналаш тIехь «Дружба народов», «Дон», «Новый мир» кхечарна а, центральни газетийн агIонаш тIехь а. Яздархочун «Маца девза доттагIалла» роман маситтазза зорбатоьхна оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь Алма-Атахь, Москвахь, Соьлжа-ГIалахь. Цуьнан дийцарш, очеркаш арайийлина дуккха а меттигашкахь, изданешкахь а.
    Арсанов СаьIид-Бейн дахаран некъ хедира 1968-чу шеран 12 июлехь. Яздархо кхелхинчул тIаьхьа, 1969 шарахь, араяьлла «О близком и далёком» цIе а йолуш, коьрта долчу декъана зорба тохаза хиллачу произведенийн книга. Цу тIехь дийцаршца, очеркашца цхьаьна зорбатоьхна дара «Маца девза доттагIалла» романан шолгIачу книгина яздархочо лерина хилла дакъош а.
    Кхузахь, цуьнан дукхахайолчу произведенешкахь санна, гIиллакх-оьздангалла, къонахалла, доьналла долуш бу книгин турпалхой. Масала, райисполкоман председатель Диас, заводан директор Бено, кхиберш а.
    Оьрсийн маттахь язйина Арсанов СаьIид-Бейс шен произведенеш, амма чулацамца, идейно-исбаьхьаллин къастамашца нохчийн къоман литературин произведенеш ю уьш. Арсанов СаьIид-Бей шен дахар, исбаьхьаллин похIма къоман литература, культура кхиорна дIаделлачарах ву.

  4. Известно, что в Осетии на похороны обычно собирается большое количество людей. В них принимают участие все родственники, соседи, сослуживцы и знакомые умершего, друзья и близкие его семьи, даже посторонние. Древние говорили: «По тому, как провожают человека в последний путь, можно судить о духовной культуре народа». В Осетии издавна существует обычай, когда с человеком, у которого в другом городе или селе умирает родственник, на похороны едут, кроме близких, и те, кто не знал ни покойного, ни его семью (об этом шла речь выше в другой связи). Желающие принять участие в похоронах (а их подчас бывает 50 и более человек) организованно прибывают в дом усопшего. В связи с этим возникает вопрос, насколько нравственно, когда в силу этого обычая в любое время года, в любую погоду можно видеть автобусы, легковые автомашины, везущих десятки людей на похороны? Названые братья – кухылхацаг* и амдзуарджын** выводят невесту, – как поется в свадебной песне: «На одном плече (у невесты) — солнце сияет, на другом — луна играет». В последний раз переступает она порог отчего дома, как член семьи. Фарн и счастье несет в дом, который отныне станет для нее родным…

  5. Нохчийн литература
    10 класс
    1-ра т1едиллар (тесташ)
    1.Муца,Шида,1ума,Кана- х1ара турпалхой бу … ц1е йолчу поэми т1ера.
    а)<>;+
    б)<>;
    в)<>;
    г)<>.
    2.Маца , мичахь вина Айсханов Шамсуддин?
    а)1898-чу шарахь Воздвижени Слободехь ;
    б)1910-чу шарахь Т1ехьа-Мартант1ахь;
    в)1909-чу шарахь Лаха-Неврехь;+
    г)1940-чу шарахь Лаха-Неврехь;+
    3.Х1ун бахьана дара Бадуев С.-С.<> повестехь Бештога Бусана цаяхар?
    а)бешто Бусанех цавашар;
    б)Бештонна Бусанин нах резацахилар;+
    в)Бештон куралла;
    г)Бусанина Бешто цавезар.
    4.<>, <>,<>,<>,<>-х1окху произведенийн автор … ву.
    а)Мамакаев Мохьмад;
    б)Рашидов Шаид
    в)Мамакаев 1аьрби;+
    г)Окуев Шима.
    5.Х1ун гайтина Мамакаев 1аьрбис шен <> ц1е йолчу поэми т1ехь ?
    а)зуламечу 1адаташна дуьхьал къийсам;+
    б)паччахьан заманан къизалла;
    в)Даймехкан 1аламн хазалла;
    г)нохчийн къоман оьзда г1иллакхаш.
    6.Маца вина Арсанов Саь1ид-Бей Арсанбекович?
    а)1898 ш.;
    б)1895 ш.;
    в)1900 ш.;
    г)1889 ш.+
    7.Хьан язйина <> ц1е йолу роман?
    а)Бадуев Саь1ид-Салихьа;
    б)Арсанов САь1ид-Бейс+;
    в)Нажаев Ахьмада;
    г)Гайсултанов 1умара.
    8.Арсанов Саь1ид-Бейс ден Арсанбекан юьртахваларан х1ун бахьана дара?
    а)хьал-бахам сабалар;
    б)нахаца цатарвалар;
    в)ч1ир т1еяр;+
    г)юьртахь вахар цадезар.
    9.Мамакаев мохьмад вина … -чу шарахь … ц1е йолчу юьртахь.
    а)1930 ш.Гихт1а;
    б)1903 ш.Хьалха-Марта;
    в)1922 ш.Валарг;
    г)1910 ш.Т1ехьа-Марта.+
    10.Маса шо кхаьчна хилла Мамакаев Мохьмад дех-ненах ваьлла висча?
    а)5;
    б)7;+
    в)9;
    г)11.
    11.Мила ву лахарчу дешнийн автор?
    Доьзаллехь бийцап а дастам а хеташ,
    хьо винчу ненан мотт д1атесна ахь.
    <>–
    бохуш,и сийсаз бан ца хетта эхь.
    а)Сайдуллаев Хьасан;
    б)Мамакаев 1аьрби;
    в)Арсанукаев Шайхи;+
    г)Кибиев Мусбек.
    12. Мутаев Мусас шен <> ц1е йолчу дийцарехь х1ун гайтина?
    а)нохчийн г1иллакх-оьздангалла;
    б)Сибрехахь наха лайна мацалла;+
    в)къонахийн васташ;
    г)маьршачу нехан 1ер-дахар.
    13.<> хьан язйина и стихотворени?
    а)Ахматова Раисас;
    б)Анзорова Балкана;+
    в)Исаева Марьяма;
    г)Байдаева Билкъиса.
    14.<> дийцар яздина:
    а)Ахмадов Мусас;+
    б)Бадуев Саь1ид-Салихьа;
    в)Гадаев Мохьмада;
    г)Сулейманов Ахьмада.

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *