Сочинение на тему нохчийн мотт г1иллакхийн хоста

8 вариантов

  1. Информация для предпринимателей района!
    Информационное сообщение о проведении конкурса на замещение должности главы администрации Грозненского муниципального района Чеченской Республики
    48-рз типовая форма контракта Распоряжение №01 от 19.08.2019г. о возложении полномочий главы администрации
    ИНФОРМАЦИЯ ДЛЯ КРУПНЫХ ПРЕДПРИНИМАТЕЛЕЙ!!!
    Информационное письмо-напоминание о представлении муниципальными служащими сведений о доходах, расходах, об имуществе и обязательствах имущественного характера за 2018
    Фонд социального страхования с 1 января 2019 г. реализует в Чеченской Республике проект «Прямые выплаты».
    Приглашаем Вас принять участие в общественном обсуждении Стратегии пространственного развития России до 2025 года
    Информация о федеральных государственных гражданских служащих Минюста России, ответственных за рассмотрение обращений граждан и организаций.

    Информационное сообщение
    о приеме предложений по кандидатурам членов участковых избирательныкомиссий с правом решающего голоса (в резерв составов участковых комиссий)
    Разъяснение населению последствия (меры ответственности ) несоблюдения требований законодательства при сдаче жилых помещений внаем (аренду) и бесконтрольные пребывание в них посторонних лиц.
    Вниманию юридических лиц и индивидуальных предпринимателей!
    Перечень уполномоченных банков(скачать)
    Лизинговая поддержка
    Правила землепользования и застройки сельских поселений Грозненского муниципального района ЧР. СКАЧАТЬ
    ГЕНЕРАЛЬНЫЙ ПЛАН ГРОЗНЕНСКОГО МУНИЦИПАЛЬНОГО РАЙОНА СКАЧАТЬ
    ЕДДС Грозненского района
    8 8712 29 53 25
    Телефон «горячей» линии ОМВД России по Грозненскому району:
    8(8712) 22-33-54.
    Инвестиционное послание главы администрации Грозненского муниципального района на 2018 год.
    Информация для субъектов малого и среднего предпринимательства
    Муниципальная программа
    Подключение к системам водоснабжения и водоотведения Грозненского муниципального района
    калькулятор расчет стоимости
    горячая линия по вопросам подключения:
    +7 (8712) 29-53-18
    Email:
    Этот адрес электронной почты защищен от спам-ботов. У вас должен быть включен JavaScript для просмотра.

    Normal
    false
    false
    false
    RU
    X-NONE
    X-NONE
    MicrosoftInternetExplorer4

  2. Ненан мотт-нохчийн мотт! Х1ун хир ду дуьненахь хьол мерза, деза? Дуьненах уггаре баккхийчу тамашех цхьаъ адаман мотт бу. Адам кхидолчу дийнатех къасточу билгалонех коьртаниг а мотт бу. Ма-дарра аьлча, адамах адам дийриг а адаман мотт бу.
    Дуьненах дехачу х1ора къомана а шен мотт белла Далла. Шен ненан маттаца кхуьуш ю къоман культура, литература, искусство. Ала деза, къоман уггаре а еза, уггаре а сийлахь хазна ю оцу къоман Мотт. Буьйцучу маттаций бен цхьа а х1ума дийца йиш яц вайн, цхьана а х1уманах лаьцна х1умма а ала а, дийца а адамийн таро хир яцара, буьйцуш болу аьзнийн мотт ца хилча. Мотт- иза къоман са, адамаллин куьзга ду, массочу х1уманан а бух бу. Цуьнца доьзна ду халкъан дерриге а дахар: уьйраш, болх, гергарло, хазахетар, халахетар, сий, яхь, хьекъал, кхетам. Халкъан кица дало лаьа суна кхузахь: « Мотт бу-къам ду, мотт бац-къам дац». Сецна бакъ ду, мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вай къоман сий дужур ду.
    Вай нохчий ду. Веза-Воккхачу Далла кхоьллина вай нохчий: цо делла вайна нохчийн сибат; цо делла вайна нохчийн г1иллакхаш, ламасташ; цо белла вайна Нохчийн мотт! Со йинчу, х1ара дерриг а Дуьне вайна совг1атанна деллачу, вайн цхьаъ бен йоцчу, кхин хилла йишйоцчу  сан Ненан мотт-х1ун хир ду цул деза, цул сийлахь, цул хьоме?! Нохчийн мотт –вайн къоман аз ду, вайн къоман илли ду, вайн къомон назма ю. Ненан матто вай 1амадо Даймохк беза. Цо 1амадо вайна дуьненан а, адаман а хазалла йовза.
    Дуьйцийла йоццуш, шен мотт ца хуу стаг даима юьхь1аьржа хир ву, шен къоман хьалха хилла ца 1аш, кхечу къаьмнашна хьалха а, х1унда аьлча цунна евзар яц къоман синан к1оргенаш, бевзар бац цо луш болчу кхачанан чам. Муьлхха а стаг цу хьолехь хилар, яхь цахилар, ледара хилар ду. Иштта ца хила, суна хетарехь, йохье а дуьйлуш, 1амо беза вай вайн дайша, наноша хьост санна, ларбеш, ц1ена латтийна вешан ненан мотт. Наггахь хеза вайна: «Иза вовшех кхеттал бийца хиъча а тоьар дара», – олуш. Ма – дарра аьлча, и стаг  шен къомах цавашар ду. Иза д1адахнарг а, хиндерг а доцу стаг ву. Цу докъазаллах  Дала лардойла вай!

  3. ненан мотт-нохчийн мотт! х1ун хир ду дуьненахь хьол мерза, деза? дуьненах уггаре баккхийчу тамашех цхьаъ мотт бу. кхидолчу дийнатех къасточу билгалонех коьртаниг а мотт бу. ма-дарра аьлча, дийриг а мотт бу.
    дуьненах дехачу х1ора къомана а шен мотт белла далла. шен ненан маттаца кхуьуш ю къоман культура, , искусство. ала деза, къоман уггаре а еза, уггаре а сийлахь хазна ю оцу къоман мотт. буьйцучу маттаций бен цхьа а х1ума дийца йиш яц вайн, цхьана а х1уманах лаьцна х1умма а ала а, дийца а таро хир яцара, буьйцуш болу аьзнийн мотт ца хилча. мотт- иза къоман са, куьзга ду, массочу х1уманан а бух бу. цуьнца доьзна ду халкъан дерриге а дахар: уьйраш, болх, гергарло, хазахетар, халахетар, сий, яхь, хьекъал, кхетам. халкъан кица дало лаьа суна кхузахь: « мотт бу-къам ду, мотт бац-къам дац». сецна бакъ ду, мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вай къоман сий дужур ду.
    вай нохчий ду. веза-воккхачу далла кхоьллина вай нохчий: цо делла вайна нохчийн сибат; цо делла вайна нохчийн г1иллакхаш, ламасташ; цо белла вайна нохчийн мотт! со йинчу, х1ара дерриг а дуьне вайна совг1атанна деллачу, вайн цхьаъ бен йоцчу, кхин хилла йишйоцчу сан ненан мотт-х1ун хир ду цул деза, цул сийлахь,цул хьоме? ! нохчийн мотт –вайн къоман аз ду, вайн къоман илли ду, вайн къомон назма ю. ненан матто вай 1амадо даймохк беза. цо 1амадо вайна дуьненан а, а хазалла йовза.
    дуьйцийла йоццуш, шен мотт ца хуу стаг даима юьхь1аьржа хир ву, шен къоман хьалха хилла ца 1аш, кхечу къаьмнашна хьалха а, х1унда аьлча цунна евзар яц къоман синан к1оргенаш, бевзар бац цо луш болчу кхачанан чам. муьлхха а стаг цу хьолехь хилар, яхь цахилар, ледара хилар ду. иштта ца хила, суна хетарехь, йохье а дуьйлуш, 1амо беза вай вайн дайша, наноша хьост санна, ларбеш, ц1ена латтийна вешан ненан мотт. наггахь хеза вайна: «иза вовшех кхеттал бийца хиъча а тоьар дара», – олуш. ма – дарра аьлча, и стаг шен къомах цавашар ду. иза д1адахнарг а, хиндерг а доцу стаг ву. цу докъазаллах дала лардойла вай!

  4. Ненан мотт-нохчийн мотт! Х1ун хир ду дуьненахь хьол мерза, деза? Дуьненах уггаре баккхийчу тамашех цхьаъ адаман мотт бу. Адам кхидолчу дийнатех къасточу билгалонех коьртаниг а мотт бу. Ма-дарра аьлча, адамах адам дийриг а адаман мотт бу.Дуьненах дехачу х1ора къомана а шен мотт белла Далла. Шен ненан маттаца кхуьуш ю къоман культура, литература, искусство. Ала деза, къоман уггаре а еза, уггаре а сийлахь хазна ю оцу къоман Мотт. Буьйцучу маттаций бен цхьа а х1ума дийца йиш яц вайн, цхьана а х1уманах лаьцна х1умма а ала а, дийца а адамийн таро хир яцара, буьйцуш болу аьзнийн мотт ца хилча. Мотт- иза къоман са, адамаллин куьзга ду, массочу х1уманан а бух бу. Цуьнца доьзна ду халкъан дерриге а дахар: уьйраш, болх, гергарло, хазахетар, халахетар, сий, яхь, хьекъал, кхетам. Халкъан кица дало лаьа суна кхузахь: « Мотт бу-къам ду, мотт бац-къам дац». Сецна бакъ ду, мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вай къоман сий дужур ду.Вай нохчий ду. Веза-Воккхачу Далла кхоьллина вай нохчий: цо делла вайна нохчийн сибат; цо делла вайна нохчийн г1иллакхаш, ламасташ; цо белла вайна Нохчийн мотт! Со йинчу, х1ара дерриг а Дуьне вайна совг1атанна деллачу, вайн цхьаъ бен йоцчу, кхин хилла йишйоцчу  сан Ненан мотт-х1ун хир ду цул деза, цул сийлахь,цул хьоме?! Нохчийн мотт –вайн къоман аз ду, вайн къоман илли ду, вайн къомон назма ю. Ненан матто вай 1амадо Даймохк беза. Цо 1амадо вайна дуьненан а, адаман а хазалла йовза.Дуьйцийла йоццуш, шен мотт ца хуу стаг даима юьхь1аьржа хир ву, шен къоман хьалха хилла ца 1аш, кхечу къаьмнашна хьалха а, х1унда аьлча цунна евзар яц къоман синан к1оргенаш, бевзар бац цо луш болчу кхачанан чам. Муьлхха а стаг цу хьолехь хилар, яхь цахилар, ледара хилар ду. Иштта ца хила, суна хетарехь, йохье а дуьйлуш, 1амо беза вай вайн дайша, наноша хьост санна, ларбеш, ц1ена латтийна вешан ненан мотт. Наггахь хеза вайна: «Иза вовшех кхеттал бийца хиъча а тоьар дара», – олуш. Ма – дарра аьлча, и стаг  шен къомах цавашар ду. Иза д1адахнарг а, хиндерг а доцу стаг ву. Цу докъазаллах  Дала лардойла вай!     Чекхйолуш суна Ахмадов Мусан байташ яло лаьа:   Кхераме дац суна мехаш,Къизачу зуламан ор а, –             Нохчийн мотт соьца мел беха,      Онда бу сан лаьттахь орам.

  5. Вайн къоман дахарехь даздеш долчу денойх уггар деза дерг а, вайн къоман уггар а сийлахьчу денойх дерг а Нохчийн меттан де ду. Иза даздо вай х1ора шарахь оханан беттан 25-чу дийнахь. Мотт – вайн дахаран ца хилча йиш йоцу г1ирс бу. Нохчийн мотт- вайн къоман а, х1ора нохчичун а дахаран хазна ю.
    Бевзаш болчу оьрсийн яздархоша, поэташа, кхечу къаьмнийн а цхьаьна, 1илманчаша хестийна вайн къоман мотт, и хесто хьакъ болу дела. Эвлаяаша а, динан дайша а, бусалба дин даржочу муьрехь, цу динан бакъо а, нийсо а юьйцуш, нохчийн маттахь бина нахана шайн хьехамаш.
    Нохчийн Республикин Конституци т1ехь билгалдаьккхина ду нохчийн мотт а, оьрсийн мотт а, цхьатерра бакъонаш а йолуш, пачхьалкхан мотт бу, аьлла. Стага, шен къоман мотт и безаш велахь, лоруш велахь, шен мотт бийца хууш велахь, шен къам ша ларар а, цу къоман яхь йолуш волу стаг ша хилар а гойту. Нохчийн меттан говзанча вара Нохчийн Республикин хьалхара Президент хилла волу, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Нохчийн мотт а буьйцуш, кхетийра цо вайн нохчийн къам т1еман къизачу шерашкахь, нийса некъ вайн къомана гойтуш. Иштта, нохчийн матте шен ден хилла боллу ларам болуш, меттан сий-пусар деш, схьавог1уш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо волу, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан.
    Х1ора доьзалехь нохчийн мотт бийцаре терра бен, цуьнан сий-пусар даре терра бен, вайн къоман г1иллакхаш, 1адаташ, оьздангалла, халкъан ламасташ, къоман истори ларлур яц вайга. Эзарнаш шерашкахь вайн мотт а ларбеш, цунах дозалла а деш, и бийца а буьйцуш хилла болчу вай дайшна, наношна, нохчийн 1илманчашна, яздархошна, динан дайшна хьалха доккхачу декхарийлахь ду вай тахана, вешан мотт а болуш, нохчийн къам хиларна. Къоман дахарехь хала мур т1ех1оьттича, вайн къам цу халонашка, баланашка эша ца дайтинарг вайн мотт бу.
    Дуьне мел лаьтта, вайн къоман хаза г1иллакхаш массо а къаьмнашна довзуьйтуш, кхуьуш, хазлуш, доттаг1аллин, гергарлонийн, уьйрийн мотт хилла, бехийла вайн нохчийн мотт!
    А. Султанов

  6. «Нохчийн къам дийна хиларан мокхаза ч1аг1о ю нохчийн мотт».
    (Кадыров Ахьмад-Хьаьжа,
    Нохчийн Республикин хьалхара Президент)
    Бисмиллах1иррохьманиррохьим.
    25-г1а апрель(нохчийн дуьххьарлера газета «Серло» арадаьлла де) нохчийн меттан Де ду аьлла д1акхайкхина ду вайн куьйгалхочо КАДЫРОВ Р.А. шен указаца.
    Нохчийн Республикин Президентан
    УКАЗ
    Соьлжа-ГIала № 207
    Нохчийн мотт Iалашбаран, кхидIа шарбаран, кхиоран, нохчийн культура кхиорехь, къоман башхалла ларъярехь цо лело маьIна лакхадаккхаран Iалашонца:
    «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин за¬конна куьг яздина апрелан 25-гIа де Нохчийн меттан Де д1акхайкхо.
    «Нохчийн меттан Де дIакхайкхоран хьокъехь» долу 2005-чу шеран 15-чу апрелехьлера № 90 йолу Нохчийн Республикин Президентан указ дIадаккха.
    XIapa указ бакъонан ницкъ болуш ду зорбатоьхначу дийнахь дуьйна.
    Нохчийн Республикин Президент Р.А. КАДЫРОВ.
    Дала деллачу не1матех уггаре коьртаниг адамийн мотт бу. Мотт къоман са а, цуьнан деган куьзга а ду. Маттехула бен хила йиш яц халкъан дика а ,вон а, халкъан тезет а, синкъерам а ,халкъан г1иллакхаш маттехула бен лела йиш яц. Нохчийн меттан Де билгал даьккхина а ца 1аш, нохчийн зудчун –ненан Де а билгалдаьккхина вайн куьйгалхочо, кхечу дезачу денойн мог1аре а х1оттош. Шен къам , шен мотт, наной а деза лараран билгало ю иза.
    Сулейманов А. яздина: «Кхо х1ума ду дуьненчохь даима цхьаьна хила дезаш: Даймохккий, ненан моттий, халкъий. Казахстанехьчул чомехь даа, хазаниг духа ца даьхкина тхо тхешан махка, ц1а ,карахь-куьйгахь а доццушехь .Тхо ц1а оьху : Даймохкий, ненан моттий, тхешан къаммий цхьаьний бен мегаш ца хиларна .Къам шен амалх , г1иллакхех, эхь-бехках, 1адатех ца долуьйту ч1аг1о ю мотт.» Цунах херделла адам , лакхахь хьахийначу сийлаллех хер ца луш ца дуьсу.

  7. Мотт-иза Дала вайна делла доккха совг1ат ду, адамийн уьйран уггара мехала г1ирс бу.
    Дуьненахь меттанаш дуккха а ду. Царна юкъахь шен башхаллашца къаьсташ бу вайн мотт.
    Ненан маттал сийлахь хIума дац. Цуьнца доьзна ду халкъан дерриге дахар: уьйраш, гергарлонаш, хазахетар, халахетар, сий, яхь, хьекъал, кхетам.
    Нохчийн халкъан яздархоша дукха хестийна вай мотт шайн произведенешкахь, масала: Шайхи Арсанукаевс язйинчу «Ненан мотт» цIе йолчу стихотворени тIера могIанаш:
    Доьзалехь бийцар а дастаме хеташ,
    Хьуо винчу ненан мотт дIатесна ахь.
    «Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ», –
    Бохуш, и сийсазбан ца хета эхь.
    Схьахьажал цкъа соьга, «хьекъале корта»,
    Схьахьажал, яккхий дIа лергара потт:
    Йист йоцу хIорд санна, бу хьуна шорта
    Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт.
    (Арсанукаев Ш.)
    Вайн мотт гIиллакхе а, оьзда а, мерза а хилар гойту вайна х1окху мог1анаша.
    Шен мотт ца безачунна шен къам а дезар дац, мохк а безар бац. Цундела, сий а деш, ларам а беш, Iамо беза вайн нохчийн мотт.
    Юьхьанцарчу классашкахь Iамийна долу къамелан дакъош кардохур ду:
    ЦIердош (имя существительное)
    Билгалдош (имя прилагательное)
    Терахьдош (имя числительное)
    ЦIерметдош (местоимение)
    Хандош (глагол)
    Х1ора къамелан дакъа карладаккхар:
    ЦIердош.
    Ц1ердашо хIума билгалйо, мила? муьлш? хIун? бохучу хаттаршна жоп ло.
    Масала: гата, куьг, говр, сурт, стом, кIант,адамаш.
    ЦIердешнийн ши терахь ду: цхьаллин, дукхаллин.
    кор – цхьаллин терахь, кораш – дукхаллин терахь;
    когкогаш, дитт – дитташ.
    ЦIердешнаш дожаршца хийцало.
    Нохчийн маттахь бархI дожар ду, хIора дожаран шен-шен хаттарш а долуш. Дош дожаршца хийцадаларх легар олу.
    ЦIердош нана легар:
    1) ЦIерниг (мила? муьлш? хIун?) нана
    2) Доланиг (хьенан? стенан?) ненан
    3) Лург (хьанна? стенна?) нанна
    4) Дийриг (хьан? стен?) нанас
    5) Коьчалниг (хьаьнца? стенца?) ненаца
    6) Хотталург (хьанах? стенах?) ненах
    7) Меттигниг (хьаьнга? стенга?) нене
    8) Дустург (хьанал? стенал?) ненал
    Хьовсур ду вай, муха хийцало дожаршкахь мотт боху цIердош а.
    ЦIерниг (мила? муьлш? хIун?) мотт
    Доланиг (хьенан? стенан?) меттан
    Лург (хьанна? стенна?) маттана
    Дийриг (хьан? стен?) матто
    Коьчалниг (хьаьнца? стенца?) маттаца
    Хотталург (хьанах? стенах?) маттах
    Меттигниг (хьаьнга? стенга?) матте
    Дустург (хьанал? стенал?) маттал
    Ткъа хIинца вай дуьйцур ду билгалдашах лаьцна.
    Билгалдош.
    ХIуманан билгало гойту, муха? муьлха? хьенан? стенан?мацалера?мичара? бохучу хаттаршна жоьпаш ло оцу къамелан декъо.
    Масала:
    Оьзда, Iаьржа, ненан, коран,стохкалера, г1алара
    Муха? муьлха? бохучу хаттаршна жоп луш долу билгалдешнаш цIерниг дожар доцчу массо а дожаршкахь чаккхе чу йолуш хуьлу.
    Оьзда стаг боху дешнийн цхьаьнакхетар легадар:
    ЦIерниг мила? оьзда стаг
    Доланиг хьенан? оьздачу стеган
    Лург хьанна? оьздачу стагана
    Дийриг хьан? оьздачу стага
    Коьчалниг хьаьнца? оьздачу стагаца
    Хотталург хьанах? оьздачу стагах
    Меттигниг хьаьнга? оьздачу стаге
    Дустург хьанал? оьздачу стагал
    Хьенан? стенан? бохучу хаттаршна жоп луш долу билгалдешнаш массо а дожаршкахь, хийца а ца луш, цхьатера хуьлу.
    Легор ду вай ненан мотт боху дешнийн цхьаьнакхетар.
    ЦIерниг х1ун? ненан мотт
    Доланиг стенан? ненан меттан
    Лург стенна? ненан маттана
    Дийриг стен? ненан матто
    Коьчалниг стенца? ненан маттаца
    Хотталург стенах? ненан маттах
    Меттигниг стенга? ненан матте
    Дустург стенал? ненан маттал
    Терахьдош.
    Терахьдашо гойту хIума маса ю, масалгIа ю.
    Маса?– кхоъ, шийтта, б1е, ткъе итт
    Масалг1а?– кхоалг1а, шуьйтталг1а, б1олг1а, ткъе уьтталг1а.
    ЦIерметдош.
    ЦIеран метта лелаш ду иза, аьлча а, цIердешан, билгалдешан, терахьдешан метта лела.
    Масала: Со, хьо, и (иза),тхо, шу, уьш,вай, хIара, муха, муьлха, маса, масалгIа.
    ЦIерметдешнаш а хийцало дожаршца.
    ЦIерниг мила? со
    Доланиг хьенан? сан
    Лург хьанна? суна
    Дийриг хьан? ас(аса)
    Коьчалниг хьаьнца? соьца
    Хотталург хьанах? сох
    Меттигниг хьаьнга? соьга
    Дустург хьанал? сол
    Хандош.
    Х1уманан дар я хилар гойту цо. ХIун дан? хIун хила? бохучу хаттаршна жоьпаш а ло хандашо.
    Масала: ала,олу, аьлла, эр ду, деша, доьшу, дешна, доьшур ду
    Вай х1окху урокехь дийцира нохчийн маттах а, цуьнан сийлаллех а, кIоргаллех а, иза Iамо безаш хиларх а лаьцна.
    Карладехира къамелан дакъойх (цIердашах, билгалдашах, терахьдашах, цIерметдашах, хандешах ) долу хаарш.
    Ц1ахь кхочушде х1ара т1едиллар:
    Вай тахана урокехь далийначу масалшка а хьожуш, легаде цIердош да, цIерметдош хьо; йозанца дуьззина жоп а ло х1окху хаттаршна:
    «Хьан маса ваша ву? Хьан маса йиша ю? Хьо масалг1ачу классехь доьшуш ву?»
    Кху тIехь вайн урок чекхйолу. 1одика йойла! Марша 1ойла!
    Пайдаэцна литература:
    В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
    Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
    Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
    Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
    Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
    «Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992, аг1о 50-53.
    Халидов А.И. «Нохчийн меттан 1илманан терминийн луг1ат». Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
    Урок кечйинарш:
    Гелагаева Асет Хасолтаевна.
    Яралиев Юсуп Сардал-Алиевич.

  8. http://www.ChechnyaTODAY.com – RSS-новости

    Игорь Шалимов станет новым главным тренером ФК «Ахмат»
    Экс-тренер «Краснодара» Игорь Шалимов в ближайшее время будет назначен новым главным тренером «Ахмата».Его слова передает «Спорт Экспресс».«Когда стало известно об уходе прежнего штаба, позвонило руководство «Ахмата». Завтра с тренерским штабом вылетаю в расположение команды», – приводит издание слова Шалимова. – Задачи?– Ситуация, глядя в таблицу, непростая. Задача – выправить эту ситуация.– В чем для вас вызов?– Возможность работы в премьер-лиге. «Ахмат» – солидный клуб, с традициями, имеет прекрасный стадион и условия для подготовки. Задачи, помимо турнирных, – вернуть болельщиков на стадион. Для этого нужен результат, – заявил Шалимов.
    #россия #рф #chechenrepublic #chechnya #чечня #Кадыров #ЧР #russia #СМИ #СМИЧР #RKadyrov #чечнясегодня #новости #news #politics #chechnyatoday #грозный
    Фонд Кадырова оказал помощь 119-летней жительнице Чечни
    В рамках реализации социальной политики Главы Чеченской Республики Рамзана Кадырова, Управляющий Отделением ПФР по Чеченской Республике Мохмад-Эми Ахмадов навестил самую пожилую пенсионерку России Непси Амерханову. Она родилась в 1900 году 20 апреля. В этом году женщине исполнилось 119 лет. – Непси является самой взрослой долгожительницей в мире. Мохмад-Эми Ахмадов передал ей помощь от Регионального общественного фонда имени Героя России, Великого Шейха Ахмат-Хаджи Кадырова, – сообщают представители ПФР в Чечне. – Женщина очень тепло приняла гостя. Между нею и управляющим состоялась продолжительная беседа, в ходе которой пенсионерка призналась, что ни в чем не нуждается, о ней заботятся власти, ее опекают дети и внуки.Долгожительница выразила огромную признательность в адрес руководителя Фонда Кадырова – Аймани Несиевны и Главы ЧР – Рамзана Ахматовича за постоянное, всестороннее внимание. «В нашей республике всегда почитали возраст и мне очень приятно, что нынешнее поколение сохраняет вековые традиции предков», – подчеркнула она.
    #россия #рф #chechenrepublic #chechnya #чечня #Кадыров #ЧР #russia #СМИ #СМИЧР #RKadyrov #чечнясегодня #новости #news #politics #chechnyatoday #грозный
    Главный тренер ФК “Ахмат” подал в отставку
    По словам Президента футбольного клуба “Ахмат” Магомеда Даудова, результаты команды крайне неудовлетворительны. – В начале сезона была озвучена задача – занять по итогам футбольного года место в зоне Лиги Европы. Уверен, амбиции клуба, подбор игроков соответствуют объявленным целям. Однако после одиннадцати туров команда находится на дне турнирной таблицы. В сложившейся ситуации перемены необходимы. Я благодарен Рашиду Маматкуловичу за годы совместной работы. В ближайшее время клуб определится с назначением нового главного тренера, – сообщил М. Даудов.
    #россия #рф #chechenrepublic #chechnya #чечня #Кадыров #ЧР #russia #СМИ #СМИЧР #RKadyrov #чечнясегодня #новости #news #politics #chechnyatoday #грозный
    «Чеченэнерго» восстанавливает электроснабжение Ачхой-Мартановского и Сунженского районов
    Сегодня, в 19.37 мск в зоне операционной деятельности управляемого «Россети Северный Кавказ» АО «Чеченэнерго» отключилась воздушная линия электропередачи 110 кВ «Самашки-ГРП-110». Без света временно остаётся часть Ачхой-Мартановского и Сунженского районов Чечни. Оперативно выехавшая на объект бригада энергетиков прилагает все усилия, чтобы в кратчайшие сроки вернуть энергоснабжение в дома потребителей. Несмотря на темное время суток, специалисты прилагают максимум усилий и рассчитывают возобновить электроснабжение районов в самые короткие сроки. Напомним, что в компании «Россети Северный Кавказ» действует «горячая линия». Операторы Контакт-центра в круглосуточном режиме предоставят информацию о ситуации с перебоями в подаче электроэнергии и перепадами напряжения в сети. Потребители, желающие задать свой вопрос, могут позвонить по телефону 8-800-775-91-12 (звонок бесплатный).
    #россия #рф #chechenrepublic #chechnya #чечня #Кадыров #ЧР #russia #СМИ #СМИЧР #RKadyrov #чечнясегодня #новости #news #politics #chechnyatoday #грозный
    WhatsApp прекратит поддержку старых iPhone и Android
    Популярный мессенджер WhatsApp прекратит поддержку старых версий мобильных операционных систем.
    Как передает iXBT.com, речь идет о Windows Phone, Android 2.3 Gingerbread и iOS 8. При этом поддержка Windows Phone прекратиться 31 декабря 2019 года, а Android и iOS — 1 февраля.
    Пользователям iPhone с iOS 8 потребуется либо установить более свежее ПО, либо купить новую модель с iOS 9 и выше.
    Отметим, что сам мессенджер работать не перестанет. Однако пользователи старых смартфонов не смогут открыть новую учетную запись или повторно верифицировать старую.
    #россия #рф #chechenrepublic #chechnya #чечня #Кадыров #ЧР #russia #СМИ #СМИЧР #RKadyrov #чечнясегодня #новости #news #politics #chechnyatoday #грозный

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *